Сапиятан йишина «Кодак» фотоаппарат эцча дара, цунна дуьххьара суьрташ дахар марзлуш.
Шен йишин фотоаппаратца юьхьанца Iаламан суьрташ даха йолаелира иза. Цул тIаьхьа иза, цуьнан гергарчарна а, лулахошна а хиира. ТIаккха цара шайн суьрташ дохуьйтура, цуьнан сурт дика нисло олура. Сапиятна суьрташ даха Iемачу хенахь, цIеххьана болх ца беш сецира фотоаппарат. Иштта, фотоаппарат йоцуш, суьрташ даха йиш йоцуш йисира иза цхьана ханна… Суьрташ даха лаам чIогIа хиллера… Сапията шена корматаллин «Canon» фотоаппарат ийцира. Сурт дика а, цIена а даккхалуш, шена ма-хетта нисъелира цунна и. Цунах гуттар а гIадъяхна хьаьвзира йоI.
1986-чу шеран 22-чу январехь Теркан районерчу Iели-Юьртахь ИбрагимовгIеран Вахин а, Асетан а доьзалехь дуьнен чу яьлла Сапият. Циггарчу №1 йолчу школехь дешна цо. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Кхузаманан пачхьалкхан Академин филиалехь экономикин факультетехь дешна. Амма экономикин хьаьрмахь ша ца гора цунна. Суьрташ дахар шен дахаран некъ хийтира.
Цхьаболчарна-м сурт даккха атта ду аьлла хета тарло, делахь а, суьрташ дахарехь а шатайпа хаарш хила деза. Иштта, юьхьанца «Canon»-ца сурт даккхархьама, и ша фотокамера а караерзон езара. Иза а дац аттачех. Фотоаппаратца корматаллин суьрташ даха Iаморан Iалашонца вевзаш волчу суьрташдахархочун Яралиев Юсуп-Хьаьжин занятешка ихира иза дIадаханчу шарахь. Ю-Хь.Яралиевс суьрташ дахаран техника йовзийтина ца Iаш, фотостудехь суьрташ даха а, суьрташ дахаран тайп-тайпана жанраш а хьийхира цунна. Бевзаш болчу суьрташдахархойх масал эца хьожу Сапият. Цунна уггаре хазахета суьрташдахархойн – Яралиев Юсуп-Хьаьжин, Берсаев АбдуллахIан, Накаева Аминин белхаш.
Сапиятан хIора сурт шен чулацам болуш хуьлу. Цо дакъалоцу фотосушкашкахь, вайн республикехь хуьлучу суьртийн гайтамашка а йоьду. 2013-чу шарахь дуьйна «Ламберд» фотоклубан дакъалацархо ю иза. Цу чохь хIора баттахь къасточу тоьллачу суьрташна юкъахь хуьлу цуьнан белхаш. ДIадаханчу шарахь Соьлжа-ГIаларчу Кхузаманан искусствон туьшехь хиллачу «1х1» суьртийн гайтаме даьккхина дара Сапиятан сурт.
«Суна чIогIа дика хета, «Ламберд» фотоклуб йолуш. И бахьана долуш бевзира суна вайн махкахь бевзаш болу суьрташдахархой. Шена хазахеташ долу суьрташ къастон а, шен суьрташ цу чу даха а йиш ю. Суна баркалла ала лаьа, и фотоклуб кхоьллинчу Цугаев Заурана. ТIейогIучу хенахь кхочушъян лерина суьртийн масех проект ю сан», – бохура цо.
ЛОРСАНОВА Зарета
№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо
