Кадыров Хьамзат Нохчийн Республикин кхерамзаллин советан секретарь хӀоттийна

Кадыров Хьамзат Нохчийн Республикин кхерамзаллин советан секретаран дарже хӀоттийна. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграмерчу шен агӀонехь.

Кавказан инвестицийн форум дӀайахьарна леринчу кхеташонехь Кадыров Рамзана кадрийн хийцамаш бовзийтира.

Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнча-хьехамча хилла волу Кадыров Хьамзат НР-н кхерамзаллин советан секретарь а, ткъа, хӀиннцалц оцу даржехь хилла волу Ибрагимов Турпал-Ӏела Шелан кӀоштан администрацин куьйгалхо а хӀоттийна.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас хаийтира оцу даржашкахь и шиъ дика ларориг хиларх ша тешна хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: