
Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан хилира Россин Президентан Путин Владимиран цӀарах микрорайон хьалайечу майданехь. Цуьнца цхьаьна вара Соьлжа-ГӀалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад. Иштта хаам бира республикин Мехк-Дас телеграмерчу шен агӀонехь.
ТӀейогӀучу хенахь керла микрорайон вайн республикин коьртачу шахьаран кхин а цхьа хазна хилла дӀахӀуттург хилар хаийтира регионан Мехк-Дас.
Микрорайон йечохь белхаш жигара дӀахьош ду. Къаьсттина боккха тидам тӀебохуьйту белхан дикаллин тӀегӀанна. Билгалдаккха догӀу, карарчу хенахь оцу микрорайонехь 50% петарш хӀинцале а йоьхкина йевлла хилар. Царах дукхахйерш Исламан рассрочки гурашкахь дӀайоьхкина йу. Кадыров Хас-Мохьмада билгалдаккхарехь, белхаш хӀоттийначу планаца а догӀуш дӀахьош ду. Белхан гӀирсаш а, белхалой а тоьаш бу.
Дукха петарех лаьтташ долу 150 цӀа хьаладина а ца Ӏаш, цигахь социальни инфраструктурин объекташ а йийр йу. Дерриге а хьелаш долуш хир йу хӀусамийн комплекс.
Кадыров Рамзана баркалла элира Кадыров Хас-Мохьмадна шена хьалха хӀиттийна йолу Ӏалашонаш доккхачу жоьпаллица кхочушйеш хиларна.