Вайна ма-хаъара, берийн аьхкенан-садаIаран мур болабелча школашкахь дIахьо ремонт яран белхаш. Таханлерчу дийнахь хIун хьал ду вайн Соьлжа-ГIалин школашкахь? Муха дIабоьлху цигахь ремонт яран белхаш? Уьш а, кхидолу а хаттарш кхолладаларна тхо хилира Соьлжа-ГIалин мэрин Дешаран департаментехь.
Департаментан гIишлошъяран, коммунальни сетийн отделан куьйгалхочо Юсупов Iийсас дийцарехь, Соьлжа-ГIалахь юккъерчу юкъара дешаран 52 школа ю. ГIалин юккъера дакъа бераш дукха долуш, юькъа хиларна Нохчийн Республикин дешаран министерствон тIедилларца масех школа ю еш.
Цу юкъахь ю «Россин Къилбе» программин гурашкахь Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районерчу Пугачевн урамехь еш ю №11 йолу школа. Цигахь белхаш беш ерг ю ГIишлошъяран нохчийн урхалла, шолгIаниг Жуковскийн урамехь «Грозгражданстрой» организацис еш ю. И ший а школа 720 меттигна лерина ю.
Иштта ши-кхо шо хьалха Петропавловски урамехь ян йолийна школа а ю дешаран керла шо тIекхачале йина яла езаш. Цигахь болх беш ерг «МегаСтрой» организаци ю.
Соьлжа-ГIалахь йолчу ерриге а школашкахь ремонт яран белхаш бу дIабоьлхуш. Масала, №№7,8 йолчу школашкахь а, №2 йолчу гимназехь а кораш ду хуьйцуш. №№18, 60 йолчу школашкахь лаьттара экъа ю хуьйцуш, и.дI.кх.
Школашкахь йолу классийн кабинеташ дешарна кийча ю. Уьш кечъеш гIо-накъосталла дина хьехархойн коллективаша а, дешархойн дайн-нанойн комитеташа а.
Юсупов Iийсас дийцарехь, 1-ра август тIекхачале ремонт яран белхаш чекхбовла безаш бу ерриге а школашкахь. 3-чу августехь хьакъ йоллучу структурийн белхахойх лаьтташ йолу комисси ю таллам бан арайолуш.
Вайн берийн дешарна аьтто бан гIерташ иштта къахьоьгуш хилча, берашна тIехь ду иштта хазйина, куьце ялийна шайна дIахIиттийначу гIишлош чохь кхиамца дешар а, школийн бахаман сий-пусар дар а.
Л.ИБРАГИМОВА
№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо
