
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн,
зорбанан, хаамийн министерствос дӀакхайкхийна некъан боламан кхерамзаллина
лерина къовсам.
«Баьццара тулгӀе» цӀе йолчу оцу къовсамехь дакъалоцуш хир бу нохчийн
журналисташ.
ХӀокху беттан 29-гӀа де кхаччалц схьаоьцур бу цаьргара белхаш.
01.01.24 — 29.07.24 муьрехь зорбатоьхна а, арабевлла а, дӀагайтина а хила безаш
бу уьш.
ХӀокху декъашкахь схьаоьцуш бу къовсаме белхаш:
— Некъан боламан кхерамзаллехула йолу тоьлла цхьаъ, йа масех статья;
— Некъан боламан кхерамзаллехула йолу цхьаъ, йа масех телесюжет;
— Некъан боламан кхерамзаллехула йолу цхьаъ, йа масех радиосюжет.
Белхаш схьаэцаран адрес: zelenaya_volna95@mail.ru / «На конкурс»
билгало.
Къовсаман хьокъехь алссам хаамаш minnacinform-chr.ru сайта тӀехь
бовзийтина бу.