КИФ-н хьалхарчу дийнан жамӀашца инвестицийн декъехь 59,5 млрд соьмана 24 барт бина

Хьалхарчу дийнахь Кавказан инвестицийн форумехь 30 пачхьалкхера 2500 стага дакъалаьцна.

Форуман коьрта хилам «Йоккха Кавказ — хӀорда тӀера хӀорда тӀе кхаччалц» пленарни кхеташо йара. Цигахь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана а, Россин Федерацин Правительствон Председателан заместитела, Къилбаседа Кавказан федеральни округан куратора Новак Александра а, Узбекистанан инвестицийн а, промышленностан а, махлелоран а министра Кудратов Лазиза а, ВТБ Банкан правленин председатела — президента Костин Андрейс а, «ДОМ.РФ» АО-н генеральни директора Мутко Виталийс а, Къилбаседа Кавказан федеральни округан регионийн куьйгалхоша а, кхечара.

КИФ-н хьалхарчу дийнан жамӀашца инвестицийн декъехь 59,5 млрд соьмана 24 барт бина. Царна йукъара ши барт кхечу пачхьалкхера компаница бина а бу.

«Кавказан инвестицийн форуман цхьана дийнахь 59,5 млрд соьмана барт бина. Къилбаседа Кавказан федеральни округехь туризм а, транспортан инфраструктура а кхиорна а тӀехьовсийна бу уьш», — аьлла Россин Федерацин Президентан хьехамчас, КИФ-н оргкомитетан жоьпаллин секретара Кобяков Антона.

Форуман хьалхарчу дийна 20 сов гӀуллакх дӀадаьхьна. Цигахь дийцаре дина чоьхьара туризм а, агропромышленни дакъа а, транспортан инфраструктура а, промышленность а, энергетика а, дуьненайукъара гӀуллакхаш а, Къилбаседа Кавказан регионийн экономика а кхиор а, кхидерг а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: