
Кавказан инвестицийн форуман гурашкахь «Бюджетни йоцу инвестицеш йукъайалорца Россехь санаторин-курортни дакъа кхиор» сесси дӀайаьхьна.
Цуьнан болх дӀаболийна Нохчийн Республикин Мехк-Ден секретариатан куьйгалхочун заместитела, могашалла Ӏалашйаран декъан куратора Кадырова Хутмата. Цо дийцира «Серноводск-Кавказский» курортан исторех а, цигарчу дарбанечу хинех а, кхузаманан технологешца иза тойарах а лаьцна.
Цо билгалдаьккхира, санаторешкахь дарба дарах лаьцна ма-дарра эсаран баттахь гӀаланийн-санаторийн мэрийн съездехь дуьйцург хилар.
Цул сов, цигахь дакъалаьцначу Россин Федерацин могашалла Ӏалашйаран министерствон НМИЦ РК-н деректоран декхарш кхочушдеш волчу Фесун Анатолийс хаам бира, Россин эзарнашкахь йолчу курорташна йукъахь Нохчийчура курорташ 23-чу меттехь хилар. Дарбанан гӀодар дустарца хӀоттийна йу и рейтинг.