
Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министр Алханов Адам Россин могашалла Ӏалашъяран министраца Мурашко Михаилаца цхьаьна хилира Соьлжа-ГӀалин медицинин организацешкахь.
Уьш цкъа хьалха республикин онкодиспансерехь хилира. Алханов Адама дийцира Мурашко Михаилана организацин балхах лаьцна. Министра хаийтира, «Могашалла Ӏалашъяр» къоман проектан гурашкахь беллачу медицинин гӀирсах пайдаоьцуш хилар.
Цул тӀаьхьа уьш хилира Ш.Ш. Эпендиевн цӀарах йолчу республикин клиникин больницехь. Цигахь хьаьвсира медицинин сихачу гӀоьнан декъан а, реанимацин а, тӀеэцаран декъан а балхе а, хьелашка а. Мурашко Михаила билгалдаьккхира, чолхечу хьолехь нисбеллачу дархошна хьалхара дарба даран болх лакхарчу тӀегӀанехь дӀахьош хилар.
Иштта, Мурашко Михаил а, Алханов Адам а хьаьжира Соьлжа-ГӀалин лоьмар 2 йолчу поликлиникехь долчу хьелашка а. Уьш хилира медицинин профилактикин декъехь а, процедураш йаран кабинета чохь а, иштта, дийнан стационарехь а. Мурашко Михаила тидам тӀебахийтира диспансеризаци йаран белхан дикалла лакхайаккха йезаш хиларна.
Нохчийн Республикин медицинин организацешкахь хиллачул тӀаьхьа Россин могашалла Ӏалашйаран министра лакхара мах хадийра медицинин хьаьрмахь дӀахьочу белхан. Алханов Адама билгалдаьккхира и дика жамӀаш регионан Мехк-Ден Кадыров Рамзанан гӀо-накъосталла бахьана долуш хилар.