
Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Даудов Мохьмада белхан цхьаьнакхетар дӀадаьхьна регионан прокурораца Адаев Арсанаца. Цара дийцаре дира ведомствошна йукъахь цхьаьна болх барца доьзна гӀуллакхаш а, закон чӀагӀдаран а, низам лардаран а, бахархойн бакъонаш ларйаран а хаттарш а.
– Билгалдаккха лаьа, регионан прокуратуро Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан гӀо-накъосталлица Ӏедалан органашца цхьаьна бахархойн хӀусамийн а, социальни а, къинхьегаман а дакъошкахула йолу бакъонаш ларйарехь боккха болх дӀахьош хилар, – элира шен къамелехь Даудов Мохьмада.
Правительствон председатела хаийтира, ведомствос а, министрийн кабинета а цхьаьна беш болу болх жигара боккхург хиларх ша тешна хилар.