(Пашаев Нурдин 65 шо кхачарна лерина)
Маршо, нийсо, барт цхьаъ болуш,
Бертахь деха нохчийн къам.
Малхо санна Дала хьостуш,
Вайна буьйгIи дашо лам.
Иштта маьрша зама еъча,
Къинхьегамо кхолу мохк.
Декхна, аьхна де тIедеъча,
Малхо гена йоккху дохк.
Иштта ду-кх нохчийн махкахь,
ЗIаьнарш лепа, дашон нур.
Дуьйла хьеший нохчийн махка,
Тхан мохк бIаьрга шуна гур.
Цхьана махкахь ма хозийла,
Герзийн лелхар, тIеман дур.
Цхьана къомо ма Iовшийла,
Молхийн хьожа, къаьхьа кIур.
Сайн мискалла ю сан гайта,
Сан коьрта тIе йилли йис.
Доггах дина доIа ду сан,
Даймахкана доьхуш ирс.
Иштта лерина дешнаш лехьош, тахана вайнехан халкъе, махке кхаьчначу зовкхах ша воккхавер дуьйцу нохчийн поэта Пашаев Нурдис. Нуьцкъалчу синахаамех дуьзна ду цуьнан дог. Цо Веза-Воккхачу Далла хастам бо ша нохчи кхолларна, хьаналчу къинхьегамца хьанала рицкъа даккха шен таро хиларна, дахаран чолхечу некъа тIехь алссам дика адамаш шена довзарна. Иштта сирла ойланаш хуьлийла дац догцIеначу стеган бен, ша схьаваьллачу халкъе, махке ховха безам кийрахь къуьйлучун бен.
Дукха хан ю Пашаев Нурдис нохчийн литературехь къахьоьгу. БIаьстенан цIеначу хIаваах юьзна ю цуьнан башха поэзи. Дала шена деллачунна хама-пусар дан а, АлхьамдулиллахI ала а ийман ду цуьнгахь. Поэта язбинчу хIора могIанехь тосало, Дала шена деллачунах цуьнан хаддаза воккхавер.
Шаьш динчу Даймехкан сий лардан хиънарш,
Шу дара шайн Даймохк хазбала лиънарш.
Хаийша, адамаш, шу Деле доьхуш,
Вехаш ву со тахна шуьца зIе лоьхуш…
Пашаев Нурди вина 1950-чу шеран 15-чу июнехь, ГIиргIизойн ССР-н Чуйски районерчу Талды-Булакехь. 1957-чу шарахь Даймахка цIабирзина церан доьзал. Шайн дай схьабевллачу Цоцин-Эвлахь баха хевшина уьш. Цигахь вахара Нурди хьалхарчу классе деша. Школехь доьшуш кхоллабелира литературе безам, лакхарчу классашкахь доьшуш волуш волавелира байташ язъян а. Амма Нурди сих ца велира уьш зорбане яха. Жимачохь дуьйна нийсархошна юкъахь собарца, хьекъалца къаьсташ волчу кIантана дика хаьара, баккъал волу поэт хила лаахь алссам къахьега дезийла. 1967-чу шарахь велира кIант школа чекхъяьккхина, тIаккха балха вахара. «Автуринский» совхозехь дIаболийра Пашаев Нурдис шен хьаналчу къинхьегаман некъ. Бакъду, 1969-чу шарахь эскарехь гIуллакх дан ваха дийзира жимачу стеган. Цигара цIавирзича, могIарера белхалочун дарже балха хIутту иза Аргунерчу хинан бахаме. Балхана юкъара ца волуш чекхйоху говзалла лакхаяккхаран курсаш, Украинехь йолчу хинан бахаман инженераш кхиочу институтехь. Амма литературица, поэзица долу гергарло цкъа а дIатесна дац цо. 1975-чу шарахь Шелан кIоштахь гучудолуш хиллачу «Коммунизман байракх» газетан агIонаш тIехь дуьххьара арайовлу цуьнан байташ. Ткъа 1976-чу шарахь къона поэт юкъавоьду, вайн махкахь шуьйра евзаш йолчу «Пхьармат» цIе йолчу литературни цхьаьнакхетараллина. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь вовшахтоьхна яра и цхьаьнакхетаралла. Нохчийчохь ву аьлла цIе йоккхуш волу поэт цу беркатечу кхерчара дуьххьара гIулчаш яха волавелла ву. Иза Iаламат йоккха школа яра. Цу литературни цхьаьнакхетараллина юкъабогIуш хиллачу кегийрхоша вовшашна йоьшура шайн произведенеш. Диканиг хастадора, даьлла гIалат дIадоккхура, кхоллараллин Iилма довза лууш верг тIаьхьа кхиавора. Ткъа уггаре а коьртаниг дара «Пхьарматан» декъашхойн нохчийн маттана гIароле хIиттар. Церан массо произведени ненан маттахь язъеш яра, цу матте безам кхиош яра. Шен дерриге дахарехула Пашаев Нурдис дIакхоьхьу нохчийн матте болу безам, кIезиг яц цуьнан нохчийн маттах лаьцна язйина байташ а.
Оьздачу нохчичун амалца богIуш,
Нохчийн мотт цу бабин туьйранийн мотт бу.
Къоман сий Iалашдан шегахь ницкъ болуш,
Ненан мотт халкъана деза совгIат ду.
Вахаран ирс ас цуьнца лехна.
Хьомсара хиларна токх бу сан кийра.
Доьзална ас цуьнан маьIна дIахьехна.
Цундела царна а бац иза хийра.
Iилма Iамор цкъа а тIаьхьа доцийла, иза цкъа а сов хила йиш йоцийла дика хууш волчу поэта 1987-чу шарахь, балхана юкъара ца волуш, кхиамца чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Советийн заманахь зорбане йийлинчу «Сатасаран сахьт», «Дерриге а хьуна», «Яйъа лур йоцу цIе», иштта кхечу гуларшна юкъахь каро аьтто бу Пашаев Нурдин стихаш. Иза цкъа а сецна вац къахьоьгучуьра, мехкан бахамашкахь, поэзи тIехь, шена тIехь. Иза даима лехамехь ву. Халкъана, махкана диканиг дан болчу лаамца вогуш ву. Шен керта деана тезет санна хала лайра цо ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайн махка къинхетамза хьаьвзина бохамаш. Нохчийн лаьтта тIехь мел иккхинчу массо герзан гериг дагах кхетча санна лозура цуьнан оьздачу сица. Ткъа шарахь сов ша хьанал къахьегначу заводан гIишлош тIамо лаьттаца дIашарйинера аьлла балхах хаьдда-м ца висира Нурди. 1997-чу шарахь Цоцин-Эвларчу №1 йолчу юккъерчу школе балха араволу иза, шен юьртарчу берашна нохчийн мотт, литература хьеха. Къоман кхане кхиорал мехала хIун хир ду кху доккхачу дуьненахь?! Нурдис санна боккхачу безамца иза кхиош хилча муххале а.
2008-чу шарахь зорбане елира Пашаев Нурдин дуьххьарлера гулар. «Заманан мехаш» яра цуьнан цIе. Ламанах схьаIийдало зевне шовда санна сирла, бIешерийн кIоргенера таханене кхаччалц вайнахана гIортор хилла лаьттина нохчийн къоьжа лаьмнаш санна нуьцкъала яра цу тIехь авторо вайн кхиэле ехкина шен поэтически ойланаш. Вайн къомо хьегначу Iазапан лазам къоман синъондалла къоман кханенах дегайовхо яра цаьрца. Дерриге дахаран мерзан сатийсам кхочушхилла ала мегар ду Пашаев Нурдин 2009-чу шарахь. Иза дIаийцира Россин яздархойн союзе. Къаьсттина беркате деара поэтана 2012-гIа шо. Цу шарахь зорбане елира цуьнан шиъ гулар: «Аьрзунаш хьийзачохь», «Мухьаммадан дахар» (I.с.в.). Халкъана, махкана хазахетар дара и тайпа книгаш Нохчийчохь зорбане йовлар. Ткъа уггаре а коьртаниг Пашаев Нурдин аьтто белира 2012-чу шарахь бусалба нахана тIехь долу пхоьалгIа фарз кхочушдан. Бераллехь дуьйна ламазца-мархица волу иза ХьаьжцIа вахара. 2015-чу шеран 15-чу июнехь 65 шо кхаьчна цуьнан. Амма къахьоьгучуьра сецна-м вац иза. Зорбане даккха кечдина «Пайхамаран дахар» цIе йолчу книгин шолгIа дакъа. Кхин цхьаъ байтийн гулар ю поэтан зорбане яккха кийчча. 2015-гIа шо Пашаев Нурдин юбилейни шо хилар тидаме эцна Нохчийн Республикин яздархойн союзо уьш кестта зорбане йохург хиларх теша лаьа тхуна. Вайн дешархой бу поэтан керлачу даше сатесна. Цуьнан кхолларалла нохчийн литературин беркат ду.
БАСАДАЬЛЛА ДАХАР
(деган лазам)
БIаьра хьалха инзара воккхуш,
Тамашийна суьрташ хIуьтту.
Цициго а башхо йоцуш,
Дахка санна, пхьид а лоцу.
Урамашкахь бераш ловзуш,
Серах дина дой ца хоьхку.
Дайн Iадаташ меттах дохуш,
Нускал далош некъ ца лоцу.
Буса нанас бер дIадижош,
Аганан илли ма ца олу.
Я доьзална туьйра дуьйцуш,
Буьйса кIорге ма ца йоьду.
Юьртахь даьлла тезет долуш,
Ловзар хIоттош, топ а кхуссу.
Кегийрхоша «моде» буьйлуш,
Корта чIана-маж дIахоьцу.
Кхиазхоша къаной лоруш,
Шайн хьакъ долу, къа ца хьоьгу.
Аьрха некъаш юьхьар лоьцуш,
Зуламо шен орам хоьцу.
Дош деллачо, дош ца лардеш,
ДегIах шена чекх са гойту.
Хьарам даьхни шена гулдеш,
Кхечо соьмах шен сий духку.
Iуьйре, суьйре бен а доцуш,
КIанта йоIе хитIа кхойкху.
Шена уллехь накъост йоцуш,
ЙоI кIантаца дIа ма хIутту.
Ненан мотт бу толкха буьйцуш,
Лоьрийн дарба цунна оьшу.
Дайн гIиллакхаш самадохуш,
Къона тIаьхье вайна оьшу.
Дедайх дисина хаза гIилкхаш,
Карладахар вайна тIехь ду.
Цара лелош, лардеш хилларш,
Вайга дина весет ма ду.
БIаьрга вайна мел гуш долу,
Айпе сакхташ Iора дохуш
Дахар тIехь ду, Iуьйшуш болу
Къаьхьа бала гена боккхуш.
Маржа зама, синтем боцуш,
Сан дог кийрахь хьуна доьлху.
Хьох дош ала кхане йоцуш,
Хьо йисарна со ма кхоьру.
Iен йиш яц сан къера хилла,
Кхечо нисдер иза бохуш.
Меттиг яц сан дагчу дилла,
Лазам бу сан дагчохь богуш.
ГАЗИЕВА Аза
№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо