Хьаьттан баттахь Нохчийчура 807 доьзална керла хӀусамаш лур йу

Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла 73 шо кхачарна лерина нах беха 7 комплекс схьайоьллур йу Соьлжа-ГӀалахь а, Курчалойн а, Шелковски а,ТӀехьа-Мартан а, Теркан а кӀошташкахь. Шайн хӀусамийн хьелаш тодан аьтто хир бу 807 доьзалан. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин гIишлошйаран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствос.

«ХӀусамаш а, гӀалин хьелаш а» къоман проект кхочушйаран гурашкахь Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГӀаласа а, Нохчийн Республикин гIишлошйаран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министра Зайпулаев Муслима а дӀадаьхьира белхан цхьаьнакхетар.
Цара йийцаре йира чохь Ӏан кхерам болчу хӀусамашкара бахархой дӀакхалхоран программа.

«Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана гуттар а гӀодар бахьанехь чохь Ӏен кхерамечу хӀусамашкара нах дӀакхалхоран гӀуллакх сихачу боларца кхочушдеш ду. Цул сов, программин коьрта мур боцург а, кху шарахь къобалдина чохь Ӏен кхерам болчу кхитӀе а 10 эзар йиъкӀов метр гергга йолчу хӀусмашкара бахархой дӀакхалхор.
И мероприятеш карара шо чекхдалле дӀайерзо Ӏалашо йу», –дийцира Зайпулаев Муслима.

Иштта цхьаьнакхетарехь дийцаре дира коммунальни инфраструктура тойаран, энергетикин дакъа кхиоран гӀуллакхаш а, кхидерг а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: