
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана нохчийн подразделенийн бӀаьхошна керла «RAM» машенаш дӀайелира. Цунах лаьцна хаам бира республикин Мех-Дас телеграмерчу шен агӀонехь.
И машенаш лерина йу муьлххачу а хьелашкахь Ӏалашонаш кхочушйарна. ХӀора а машен шена оьшуш болчу гӀирсашца а, герзашца а кхачо йина йу. Иза хаза а, мехала а совгӀат ду вайн бӀаьхошна.
«RAM» машенаш муьлххачу а меттехула дӀайахалур йолуш а, гуттар а пайдехь хир йолуш а йу. Регионан Мехк-Дас ма-хаийттара, хӀинца вайн бӀаьхошна атта хир ду чолхенех чекхбийла а, шайна хьалха хӀиттийна йолу Ӏалашонаш кхочушйан а.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, бӀаьхошна шайн белхан декхарш кхочушдарехь уггаре а доккха гӀо-накъосталла дийриг дика машенаш а, тӀеман кхийолу техника а хилар.