Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана правительствехь кхеташо дӀайаьхьира

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана правительствехь кхеташо дӀайаьхьира. Цигахь дийцаре дира регионан социальни-экономика кхиарца а, тӀеман лерринчу операцехь дакъалацарца а доьзна долу гӀуллакхаш. Иштта хаам бира республикин Мехк-Дас телеграмерчу шен агӀонехь.

Нохчийн Республикин Правительствон Председатела, ТӀеман леррина операци дӀайахьарехула йолчу оперативни штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада дийцира экономикех а , штабан балхах а лаьцна. Шеран йуьххьехь дуьйна социальни-экономикин гайтамаш лакхарчу тӀегӀанехь лаьтташ бу. Промышленни производствон гайтам лакхабаьлла 28,3 процентана. ХӀусамаш йаран гайтаман терахь 52,7 процентана лакхадаьлла.

ТӀеман леррина операци йолайелчхьана дуьйна Нохчийн Республикера цига дӀахьажийна 45 эзар, 259 бӀаьхо, царах 18 эзар, 603 – шайн лаамехь берш а болуш. Карарчу ханна тӀеман лерринчу операцехь маьӀнечу 14 меттехь шайна хьалха хӀиттийна йолу Ӏалашонаш кхиаме кхочушйеш ву 10 эзар гергга вайн бӀаьхо.
Иштта Даудов Мохьмада дийцира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондан балхах лаьцна а. Фондан чоьтах эцнарг а, тӀеман леррина операци дӀахьочу метте дӀахьажийнарг а – 1766 леррина йолу машен а, царах 201 бронемашен а йолуш, 5980 квадрокоптер а, 32 эзар зӀенан гӀирс а, иштта, антидронаш а, тепловизорш а, сурсаташ а, кхийерг а.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, тӀеман лерринчу операцехь дакъалацар а, вайн пачхьалкх ларйар а – Нохчийн Республикин хӀора а вахархочун декхар хилар.

Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместитела, регионан автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Ӏийсас довзийтира некъаш дахарехь долу хьал. Оцу декъехь 116 объектехь белхаш бу дӀахьош, царах 54 объект Соьлжа-ГӀалахь йу.

Кхеташо йерзош Кадыров Рамзана тӀедиллира шайн-шайн белхан декхарш доккхачу жоьпаллица кхочушдар. Цо хаийтира, министрашна шаьш куьйгалла дечу ведомствошкара хьал шайна дикка довза а, хаа а дезаш хилар, иштта, балха тӀехь хӀораннан а кхиамаш хила лааран дешнаш а элира цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: