Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Даудов Мохьмада цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Россин Федерацин Оборонин министран заместительца Фрадков Павелца.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дина Россин Оборонин министерствон «АХМАТ-Россия» а, «АХМАТ-Чечня» а керлачу шина полкан тӀеман базанаш йар сихдаран гӀуллакхаш. Билгалйина объекташ Курчалойн кӀоштарчу Гелдаганахь а, Невран кӀоштарчу Ишерскехь а йеш йу. Цигахь тӀеман гӀуллакхашна лерина оьшуш мел долу хьелаш хир ду кхоьллина.
Даудов Мохьмада шен къамелехь билгалдаьккхира, Оборонин министерствос а, Нохчийн Республикин куьйгалло а массо а агӀор гӀо дар бахьана долуш, тӀеман коьртачу ведомствон регионера структурашна оьшуш мел дерг латтош хилар.