Кадыров Рамзана кхеташо дӀайаьхьна шен секретариатан белхахошца

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана кхеташо дӀайаьхьна шен секретариатан белхахошца. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

Бинчу балхах лаьцна дийцира Нохчийн Республикин Мехк-Ден секретариатан куьйгалхочо Эдилов Валида.

Цо билгал ма-даккхара Нохчийн Республикин счетни палатица цхьаьна республикин йеа кӀоштан болх теллина. Цигахь цхьадолу кхачамбацарш гучу а даьхна, уьш дӀадахар тӀе а диллина.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира, кхеташонийн керла кеп йукъайалорца кхачамбацарш гучудахаран а, уьш дӀадахаран а белхаш дӀаболийна.

«Гучу ма-даллара, уьш кӀеззиг а ца хилла. Цундела НР-н Мехк-Ден секретариатан белхахоша регионан кхочушдаран органашна а кӀоштийн администрацешна йукъахь зӀе латто йеза», — аьлла Кадыров Рамзана.

Кхеташо дӀахьош Нохчийн Республикин Мехк-Дас шен гӀоьнчина тӀедиллира йукъараллин транспортаца долу гӀуллакх дӀанисдар а.

Цул тӀьахьа, Нохчийн Республикин Мехк-Ден секретариатан куьйгалхочун заместитела, могашалла Ӏалашйаран декъан куратора Кадырова Хутмата дийцира могашалла Ӏалашйаран декъехь долчу хьолах лаьцна а. Хьахийра республикин реабилитацин туьшийн балхах лаьцна а. Цо билгалдаккхарехь, цомгашчеран гӀуллакхе хьажар тодарна тӀехь беш белхаш бу. Къаьсттина тидам тӀебохуьйтуш бу тӀеман лерринчу операцин дакъалацархошна. Цул сов, Кадырова Хутмата хаийтира берашна дарба даран Психоневрологин туш йеш хилар а.

Кадыров Рамзана кхеташо йерзош тӀедиллира болх дика а, сиха а дӀабахьа беза, аьлла.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: