Харжам

БIешерийн дохаллехь ийманан, Iадатийн, ламастийн, гIиллакхийн гураш чохь даьхна долу нохчийн къам муьлххачу хьолехь а цхьана низамехь, къепенехь даха Iемина дара, оцу амало муьлххачу а халонех, бохамех, зерех кхиамца чекх а доккхура, кхидIа даха, кхиа доьналла а, хьекъал а лора. Амма дIадаханчу бIешеран чаккхенехь Iедале бахка, йукъара бахамаш долабаха лаам болуш арабевллачу цхьана наха массо хIума магорийн а, тIеман а цIерга кхоьссира халкъ. Делахь а, хIаллакьхиларан, дуьне мел ду даржаран зила тIе кхаьчначу хенахь къомана йуха а шегахь ницкъаш карийра лардала, нийсачу новкъа ша дIадуьгу долу баьчча хьалхататта. И вара Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!).

Оцу чолхечу муьре таханлерчу дийнера йухахьаьжча, йуха а, йуха а кхета хьо: Нохчийчохь, Москвахь, дуьненахь оццул йаккхий дуьхьалонаш шена йеш хиллашехь, вуно хьекъале, собаре некъ хиллера вайн хьалхарчу Президента йуьхьарлаьцнарг, бинарг. Оцу некъо далийра вай 2003-чу шеран бекарг беттан 23-чу дийнан историн маьIна долу харжам баре; халкъо мохь тоьхнна дIаэлира: тхо Россица цхьаьна низамехь даха лууш ду! Ткъа Ахьмад-Хьаьжа, массо хIуманал деза долчу шен дахарх сагIа а дина, нохчийн къам хIаллакьхиларх кIелхьарадаьккхинарг хилла ца Iаш, Росси йохарх ларйинарг, мехкан а, халкъан а вуьззина къонах санна истори йукъа вахара.

1999-2001-чу шерийн бохамечу, къизачу денойх, буьйсанех генна схьадалийна вай замано. Вай, адамаш, дукха хьолахь синошна гIийла ду. Вуониг сихха дицдеш амал йу вайн, ткъа гена дIадахнарг цу хенахь хиллачу тайпана бохаме а, къиза а ца хета вайна. Цхьана агIор дика а ду и иштта долуш, массо хенахь дагчохь, сица тезет латто ма ца деза, къам а, мохк а кхидIа даха а, кхиа а, тIекхуьучу тIаьхьенаша кхио а ма деза. Амма цхьа бохаме киртиг тIехIоьттича, массо а заманашкахь ма-хиллара, халкъа йукъара Дала цхьа баьчча, цхьа къонах хьалхавоккху, деза дукъ шена тIелаца векал вой.

Иштта, махкана, къомана уггаре а бохаме беанчу оцу муьрехь, 2000-чу шеран асаран баттахь Нохчийн Республикин куьйгалле хIоьттира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цунна кхечира мехкан массо а дакъошкахь эскархоша йеш хилла къиза «зачисткаш», цхьа а низам доцуш, буса а, дийнахь а йарташна, гIаланашна тIейетта йаккхий тоьпаш, ракеташ, бомбанаш, «халкъан дуьхьа» арабевллачара теракташ йарца хIаллакбеш болу йартийн куьйгалхой, маьждигийн имамаш, бакъонаш ларйаран декъан гIуллакххой, бехк-гуьнахь доцу машаре адамаш – баккхий нах, бераш, зударий. Ткъа республикера дерриге а Iедал шен каралаьцна Iаш йолчу тIеман администрацин и цхьаьнцца а декъа лаам бацара.

2000-чу шеран асаран беттан 12-чу дийнахь (Дала иштта нисдира-кха иза Россин Де билгалдоккхуш хиларца), вуно чолхечу хьелашкахь мехкан куьйгалхочун декхарш кхочушдан волавала дийзира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. Оцу новкъахь и кхиаме кхачор волчарах коьртаниг цуьнан дог-ойла цIена хилар, шен халкъе а, махке а болу бухбоцу безам, Везахинволчу Делах тешар а дара. Амалан ишттачу аматаша кхиаме бира тайпанашка, тукхумашка, партешка, боламашка, хьаларчаьрга, охьарчаьрга декъна хилла нохчийн халкъ тIегулдарехь, цуьнан цхьабарт барехь цо болийна политикин некъ. Иза цуьнан массо агIор литтина, лерина, дуьненан а, бусалба динан а Iилманца буьстина харжам бара. И дика кхеташ вара Нохчийн Республикехь долу йукъара хьал цхьажимма меттадалорехь федеральни Iедалан гIоьнца бен хила йиш цахиларх. Амма Нохчийчоь политикин а, тIеман а кегарех йуьззина кIелхьарайаккхар чоьхьарчу йукъараллин а, дерриге а Iедал цхьана стеган карахь хиларца а бен кхочушдалург цахилар а хаьара цунна.

Республикин администрацин ницкъ а, олалла а тIаьхь-тIаьхьа кхуьуш дIайахара 2000-чу шерийн йуьхь. Россин субъектан хила ма-йезза бакъонаш тIехь йолу правительство Нохчийчохь дIахIотторна вуно чIогIа дуьхьало йора герзашца кечбинчу ницкъийн цхьаболчу куьйгалхоша а, Москвахь хевшина Iачу цхьацца Iедалан гIуллакххоша а. Амма Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешна вара Нохчийн Республикера йукъараллин хьал мелла а сиха меттадало таро лунйерг меттигера пачхьалкхан аппарат шаьш нохчашца чIагIйар хиларх – гIуллакхдан лаам а, хьекъал а, доьналла а долчу къоман векалшца. Ткъа уггаре а коьрта хьежам бара бакъонашларйаран органаш меттахIиттор, цу йукъахь – йуьззина Чоьхьарчу гIуллакхийн министерство кхолларна а, милицин (хIинца – полицин) леррина тобанаш вовшахтохарна а коьрта тидам тIе а бохуьйтуш. Билггала Кадыров Ахьмад-Хьаьжин политикин доьналла дара цуьнан командин цхьабарт бинарг а, оцу муьрехь йукъараллин-политикин хьал меттадалийнарг а, таханлерчу дийнан кхиамаш гергабалийнарг а.

Вуно чолхе хиллачу, амма вайна хIинца мелла а йицйеллачу цу заманахь уггаре а доккха маьIна лелийнарг Нохчийн Республикин бакъонашларйаран органаш меттахIиттор дара. Нохчийн милици кхоллар-м 1999-чу шеран гурахь дуьйна дIадолийнера, цхьацца дакъош вовшах а тухуш, уьш оьшучу меттехь гIуллакхна йукъа а йалош. ХIора кIоштахь Россин кхечу регионашкарчу а, меттигерчу а бIаьхойх кхоьллира шайх «чоьхьарчу гIуллакхийн ханна йолу отделаш» олуш хилла тобанаш. Цара шайна хьалха хIиттийна декхарш кхочуш а дира.

2000-чу шеран хьалхарчу декъехь дIадолийра республикин прокуратурин дакъош кхоллар, ткъа и шо чекхдолуш болх бан йуьйлайелира суьдаш. Республикин Администрацин политикин маьIна чIагIдарехь А-Хь. Кадыровн хиллачу Iалашонан коьрта дакъа дара меттигера нуьцкъаллин органаш меттахIиттор. Цуьнца иза тIехдика лара а вира.

Шуьйрачу хаамийн гIирсаша кхузаманан хьелашкахь лелош долчу маьIнех, церан ницкъах, махкахь долу хьал меттадалорна цара йукъадуьллу долчу диканах кхеташ вара Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо. Муьлххачу хенахь а зорбанан йа хаамийн векалшца цхьаьнакхета кийча а вара иза, долуш дерг а, дан леринарг а говза дийца хууш а вара. Цундела, ша куьйгалле хIоьттина дукха хан а йалале, 2000-чу шеран хьаьттан баттахь шен омрица Нохчийн Республикин зорбанан а, хаамийн министерство (хIинца – Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство) кхоьллира цо. Цуьнан лаамца сихдира хаамийн гIирсаш меттахIиттор а, керланаш кхоллар а.

Иштта, 2001-чу шарахь «Вести республики» газет а кхоьллира, «Россия» телерадиокомпанин меттигера «Вайнах» дакъа метта а хIоттийра. МеттахIиттийра «Даймохк» газет а, «Орга», «СтелаIад» журналаш а, кхоьллира «Грозный-информ» хаамийн агентство, болх бан дуьйладелира гIаланийн, кIоштийн газеташ а.

Шуьйрачу хаамийн гIирсийн шайн бара дIахIиттаран а, кхиаран а муьраш. Хьалхарчу шерашкахь вуно халчу хьелашкахь – чуйаха чоьнаш а, оьшу гIирсаш а, ур-атталла стол-гIант а доцуш – болх беш йолчу редакцеша ма-дарра гойтура республикера йукъара-политикин латтам а, бахархошкара хьал а, тIеман хьелех хьалха а йаьлла, республика меттахIотта йолайалар а. Ишттачу хьолехь а, республикин хаамийн гIирсийн векалшца сих-сиха цхьаьна а кхеташ, редакцийн хьал-бахам кхиорехь а, журналистийн дог-ойла айарехь а гIуллакхаш дан некъаш карадора Кадыров Ахьмад-Хьаьжина.

Хууш ма-хиллара, дIадаханчух, таханлерчу дийнах, хиндолчух кхета а, хиламаш къомана, махкана беркате хилийта хьакъболу Iаткъам бан а доьналла, хьекъал долуш цхьа къонах нисво Дала халкъана тIе цхьа бохам беъча. Иштта стаг вара шен дерриге а дахар ХХ-чу бIешеран чаккхенехь, ХХI-чу бIешеран йуьххьехь Нохчийчохь халкъана, махкана хIоьттина чолхе хьал орамера дуьйна хийца, политикин, дахаран-Iеран, бахамаллин, синъоьздангаллин, ийманан дакъошкахь и беркате дина дIахIотто ниййат дина араваьлла Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цо ша хIора боккхучу когаца, дечу гIуллакхца, хьалхахIитточу Iалашонашца, генна хиндолчун хьесап а деш, ондда бух биллира таханлерчу денна: хIинца вайн махкахь дIахIиттина болх беш йу Нохчийчоьнан Мехк-Ден, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан куьйгаллица Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь Нохчийн Республика массо а агIор кхиорах, цуьнан кханенах дуьйцуш, гойтуш йолу, дерриге а дуьнене дIакхочуш йолу шуьйрачу хаамийн гIирсийн зIенаш.

2003-чу шеран бекарг беттан 23-гIа де – и шатайпана де ду вайн кхолламехь; оцу дийнахь нохчийн халкъо историна йукъабахана харжам бира. И харжам кхолламе хилира. Оцу харжамо бIеннаш шерашкахь тайп-тайпана Iазапаш лайначу къомана машаре а, кхиаре а некъ схьабиллира. И харжам халкъо шен хьекъалца, шен лаамехь, шен доьналла гойтуш бира. И харжам бан цуьнан таро хилира къоман бакъволчу къонахчун, Iеламстеган, баьччин, политикан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин генна кханене хьежна ира хьекъал бахьанехь.

Нохчийн халкъана шен йехачу оьмарехь дуьххьара хиллера и харжам бан бакъо. Ткъа Сийлахь-Везачу АллахIана тIетийжаш ваьхна волу Ахьмад-Хьаьжа тешна вара шен махкахоша, вежарша-йижарша, кIенташа-йоIарша даггара харжам бийриг хиларх. Референдум оцу хьелашкахь дIайахьалур йац бохуш долу дуккха а политикийн, йукъараллин гIуллакххойн хетарш хьошуш, кхаж тосучу меттигашкахь тIелатарш дийр ду шаьш баьхначу ваххабитийн Iалашонаш йохош, дерриге а халкъ ара даьлла, шен харжам бира цу дийнахь.

Референдум кхиамца дIайахаро а, цуьнан жамIаша а гайтира и бакъонехь хилар. Россин а, кхечу мехкашкарчу а тIехьажархоша и билгал а даьккхира. ДIадоьлхучу тIеман хьелашкахь бинчу харжамехь тIеэцна Конституци а, Нохчийн Республикин Президент, Парламент харжарх долу законаш а бух болуш хир дац, тIаьххьара нохчи хIаллакваллалц дIабахьа беза тIом, кхаж таса баьхкина харжамхой оха бойур бу баьхначу къоман мостагIийн луург ца долуьйтуш, республикин Iедалан а, йукъараллин а цхьабарт болуш, бакъонашларйархой каде а, сема а хилар бахьанехь халкъо шен харжам бира.

Нохчийн Республикин Коьрта Закон – Конституци тIеэцар зуламан ницкъашна тIехь халкъо баьккхина историн толам бара, халкъан цхьабарт хиларан тоьшалла дара, Нохчийн Республикехь законийн буха тIехь долу Iедал меттахIотториг хиларан чIагIо а йара. Дуккха а къаьмнех лаьтташ долчу Нохчийчоьнан халкъо кхин цкъа а тIечIагIдира уггаре а боккха бахам адам а, цуьнан бакъонаш а, паргIато а хилар.

Конституци тIеэцаро доккха маьIна лелийра кхул хьалхарчу шерашкахь Делан мостагIаша партешка-боламашка, тайпанашка-тукхумашка, вирдашка-гарашка, хьаларчаьрга-охьарчаьрга декъна долу халкъ цхьана барте далорехь. И берриге а бекъамаш шайн кхетаме бохкуш Iехийна хиллачу законехь йоцчу тIеман тобанийн эзарнаш декъашхойн таро хилира, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин лаамца, дIадолорца кхайкхийначу амнистех пайда а оьцуш, машаречу дахаре йухаберза. Царах дукхахболчара, Нохчийн Республикин бакъонашларйаран органашка балха дIа а хIиттина, халкъана, махкана шаьш тешаме хилар гайтира. Нохчийн лаьтта тIехь Конституцин къепе латтош, Россин цхьаалла ларйеш царах бIеннаша шайн дахарш дIа а делира, халкъо уьш биц а ца бина.

Референдум чекхйаьллачул тIаьхьа Нохчийн Республикин куьйгалло сацам бира уггаре а хьалха кхочушдаран Iедалан органаш кхолла, законаш кхолларан тIегIанаш харжар тIаьхьа а тоттуш. Цхьана йукъана и декхарш шена тIелецира Нохчийн Республикин Пачхьалкхан кхеташоно, цунна йукъабогIура меттигерчу бахархоша векалбина къаной а, йукъараллин векалш а, кIоштийн, гIаланийн Iедалша билгалбаьхна геланчаш а. Республикин пачхьалкхаллин дерриге а тIегIанаш дIахIитторехь массо а агIор накъосталла дийриг хилар шена тIелецира Федеральни Iедало а.

Оцу дерригено а 2003-чу шеран гурахь Нохчийн Республикин Президент харжарна тIедалийра гIуллакх, цхьа а шеконаш хила меттиг а ца буьтуш, дийнна халкъо, ара а даьлла, кхаьжнаш тесна, Президент хаьржира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Амма, гуттара а ма-хиллара, «тIеман парти» олучарна тIехьа лаьттачу цхьаболчу Россин а, дозанал арахьарчу а хаамийн гIирсаша шеконе лерира харжамийн жамIаш. Делахь хIета, хьаъа а, хIуъа а дийцарх, йухадерзо йиш а йоцуш, Нохчийн Республикехь къочушдаран Iедалан лами дIахIоттийна баьллера, цуьнца къийса йиш а йацара цхьаьннан а.

Законаца нийса Россин цхьана декъан куьйгалхо ша хаьржина хиларе терра, шен йолчу бакъонех буьззина пайда а оьцуш, федеральни нуьцкъаллин хIоттаман цхьаболчу векалша республикин бахархошца лелош хилла къизалла сацо вуьйлира А-Хь. Кадыров. Халкъана йукъахь цуьнан шен сий-ларам лакхабаьлла ца Iаш, махкара йукъараллин-политикин хьал тодарна, дахаран массо а дакъошкахь законан гураш чIагIдарна тIедогIуш дара гIуллакх. Цул сов, республикин куьйгалло боккха тидам тIебахийтира, ГIалгIайчохь кхоьллина четарийн гIаланаш дIа а йохуш, тIамах бевдда бахана, вуно халачу хьелашкахь бехаш хилла нохчийн зударий, бераш, баккхийнах цIаберзорна.

Россин Президентаца шен хиллачу дикачу йукъаметтигех пайда а оьцуш, дIахIуттуш, чIагIлуш долчу Нохчийн Республикерчу Iедална а, тIеман тIаьхьалонаша бохийна мохк йухаметтахIотторна а мел оьшург деш схьавогIуш волу Кадыров Ахьмад-Хьаьжа 2004-чу шеран бIаьста пачхьалкхан президент хоржучу муьрехь В. В. Путинан харжамел хьалхарчу штабан коьрте хIоттар а ларамаза дацара. Вайн республикин бахархоша, бертахь ара а бевлла, 95 процентал алсам кхаьжнаш дIабелира пачхьалкхан баьччина.

Нохчийн Республика тIамах хьалхайалар а, Росси пачхьалкх йохо лаам хиллачу дуьненайукъарчу террористашна тIехь толам баккхар а оьшуш дацара цхьаболчу ницкъашна. Цара луьра тохар дира нохчийн къомана а, дийнна Россина а – 2004-чу шеран хIутосург беттан 9-чу дийнахь террористийн рогIерчу тохаро вожийра Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, Нохчийн Республикин Пачхьалкхан Кхеташонан Председатель Исаев Хьусайн а. Доккха, къиза тохар дара иза хIинца а дуьззина когахIоьттина далаза долчу Нохчийн Республикин Iедална а, тIеман чевнаш йерзоза долчу нохчийн халкъана а. Амма и дIахIуттуш долу Iедал а, цуьнан гIортор хилла дIахIоьттина халкъ а доха ца дуьйхира. И бохам хиллачу дийннахьехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанца къаьсттина шен хинйолу йукъаметтиг дуьненна а хьалха дIагайтира Россин Президента В. В. Путина…

2005-чу шеран лахьанан баттахь Нохчийн Республикехь, Конституцица догIуш ма-хиллара, Iедалан дерриге а дакъош кхолларан гIуллакх дIадирзира: «Цхьааллин Росси» партин векалша къеггина толам а боккхуш, хаьржира шина палатех лаьтташ йолу Нохчийн Республикин Парламент. 2005-чу шеран гIуран беттан 12-чу дийнахь дIайаьхьначу цуьнан хьалхарчу заседане веара Россин Президент В. В. Путин. Россерчу дуккха а политикаша, йукъараллин гIуллакххоша Кадыров Рамзанан политически толам лерира республикехь оцу тайпачу кхиамца парламент харжар дIадерзар а, мехкан Президент Нохчийчу вар а.

Дуккха а шераш дIаихна цул тIаьхьа. Конституцин буха тIехь, цуьнан хIора а дIахIоттам куьйгалле а оьцуш, Мехка-Дас Кадыров Рамзана цуьнан баххаш ларбарна тIехь лерина терго а латтош, массо а дакъошкахь кхуьуш схьайогIу Нохчийн Республика. Коьртачу Законехь билгалйаьхначу бакъонашца нийса а догIуш, иттаннаш шерашкахь гулйелла чолхаллаш а, карзахаллин шерашкахь тIаьхьатиттина гIуллакхаш а низаме а далийна, халкъан беркат кхиош, йеха Нохчийчоь. Шо-шаре мел дели кхуьуш йу мехкан промышленность а, йуьртабахам а, лаккхарчу тIегIане кхаьчна социальни кхиар а, баккхий кхиамаш бу могашалла Iалашйарехь, дешарехь, Iилманехь, культурехь, синъоьздангаллин декъехь. Россин Федерацехь уггаре а хьалхарчу могIаршкахь хила йеза Нохчийн Республика – аьлла йолу регионан куьйгалло хьалхахIоттийна Iалашо дахарехь кхочушйина.

20 шо кхочуш ду Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо вайна йукъахь воцу. И дIадевлла шераш Нохчийчоьнан халкъо ша-шен цакхоош къахьегна шераш дара, даккхийчу зерех къам чекхдаьлла шераш дара. Оцу заманах 17 шо ду, Ахьмад-Хьаьжин кхиаран некъ шен кара а лаьцна, Iедал дIакхехьа нуьцкъала тоба вовшах а тоьхна, лаккхарчу доьналлица, хьекъалца цунна тIехь урхалла а деш, хьалхарчу Президентан хьакъволу воI Кадыров Рамзан схьавогIуш волу. Дуьне цец а дуьйлуш, Нохчийчоьнан йерриге а гIаланаш, кIошташ, йарташ меттахIиттийна ца Iаш, дийнна мохк хазбина, цIинбина, кхузаманан лехамашца нисбина дIахIоттийна. Уггаре а коьртаниг ду нохчийн халкъ, Дала йеллачу шен йуьззинчу бакъонашкахь метта а хIоьттина, Росси пачхьалкъан массо а маьIигашкахь сий а долуш, ларам а болуш тахана дехаш хилар.

Вайн республикера а, генна цуьнан дозанел арара а гIарабевлла Iилманчаш, культурин гIуллакххой а, экономисташ, журналисташ а, йукъараллин-политикин талламхой, могIарера бахархой а цхьабарт болуш къера а, тешна а бу: Кадыров Ахьмад-Хьаьжас куьйгалла дина диъ шо Нохчийн Республикин исторехь, нохчийн къоман кхолламехь къаьсттина мур бара. Билггала оцу муьрехь цо когаш тIе хIоттийра цхьана беркате боцчу наха кIоргачу Iина йистте хIоттийна хилла Нохчийчоь, кхидIа кхиаран новкъа а йаьккхира. Халкъалахь оцу муьрана Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин НЕКЪ аьлла цIе тиллира. Замано шен кхиарца хьалха хIитточу декхаршка хьаьжжина, бан богIу хицамаш а беш, керл-керла Iалашонаш йуьхьар а лоцуш, и НЕКЪ кхиамца кхидIа кхоьхьуш ву тахана вайн Мехка-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.

Ма-дарра аьлча, вай-м хIинца а дуьззина девлла а дац Кадыров Ахьмад-Хьаьжас нохчийн къоман исторехь мел динчун мах хадийна а, цуьнан маьIна дина а, цунах кхетта а. Цуьнан иймано, хьекъало, Iилмано, цIеначу ойланаша, сирлачу лаамаша, махке а, къоме а болчу кIоргерчу безамо далийна вайн халкъ таханлерчу кхиаме а, беркате а. Нохчийн халкъо иза цкъа а диц а дийр дац.

Амма оцу чолхечу, гомхачу новкъахь вуно йаккхий халонаш а, иэшамаш а бара. Эзарнаш вайн махкахоша – бакъонашларйаран дакъойн а, меттигерчу Iедалан а, динан гIуллакххойн а, пачхьалкхан белхахойн а векалша – шайн дахарш дIаделира Нохчийчохь машаре, беркате дахар дIахIотторан а, Росси пачхьалкхан цхьаалла ларйаран а дуьхьа.

Росси пачхьалкхан гражданашца цхьабосса бакъонаш йолу Нохчийн Республикин бахархой, царна йукъахь дуккха а къаьмнийн векалш а цхьаьна, цхьабарт а болуш, ондда лаьтта шайн дайн мехкан сий айбаран, мохк кхиоран некъа тIехь. Цхьана а ницкъана политикин кегарина, дуьхь-дуьхьал латтарна, динан экстремизмана йукъа а озалур дац республикин халкъ, дуьне дерриг а тIе а дирзина, Россина, Нохчийчоьнна дуьхьал дIакхоьхьуш мел чIогIа хаамийн тIом белахь а. Дийнахь а, буса а Интернетан гезгамашехь, массо а хаамийн гIирсашкахь бечу оцу балхана дуьхьал латта ницкъ а, доьналла а, само а вайн хилар хIора дийнахь дIагойту Мехка-Дас Кадыров Рамзана а, цунна гонаха ондда ницкъ хилла къахьоьгучу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъан тобано а, мехкан шуьйрачу хаамийн гIирсаша а. ТIаккха вай кхин цкъа а кхета 2003-чу шеран референдумехь халкъо бина ХАРЖАМ нийса хилла хиларх а, дукхакъаьмнийн Россин пачхьалкхана йукъахь а бен вайн халкъ сирлачу, беркатечу кханене кхочург цахиларх а.

ХХ-гIий, ХХI-гIий бIешераш морзахдовлучу муьрехь къегира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сирла седа. Халкъан историн уггаре а чолхечу, кхолламечу муьрехь шен белшаш тIе вуно йоккха йозалла а йиллина, кIадвалар доцуш, онддачу ийманца, доьналлица, хьекъалца иза дIакхийхьира цо. Шина тIамо йохийна, йаржийна, чIанайаьккхина, иэшийна Нохчийчоь когаш тIе а хIоттийна, чу са а далийна, сий дайъина, гIелдина халкъ ден а дина, кханенах болу цуьнан тешам метта а хIоттийна, нийсачу новкъа даьккхира цо.

Оцу дерригенан а дуьхьа шен уггаре а дезаниг – СА – дIаделира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!). Республикин а, цуьнан халкъан а беркатечу хиндолчун дуьхьа…

Юнусов Хьамзат,

Нохчийн Республикин хьакъволу журналист.

Зорбатоьхна нохчийн маттахь «Даймохк» газетехь

2024 ш. бекарг (март) беттан 13-чу дийнахь, № 20 (13820).

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: