
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 73 шо кхочуш Соьлжа-ГӀалин йукъараллин транспортан автопарк 73 техникица тӀейуьзна. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана телеграмерчу шен агӀонехь.
Кадыров Рамзан хьаьжира керлачу автотранспорте. ГӀалин автопаркана йелларг 50 такси а, 21 ПАЗ «Ситимакс» а, 2 «Газель» микроавтобус а йу.
Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а, терахьийн кхиаран а министра Черхигов Адама билгалдаьккхира, шо чекхдалале кхин а 25 ПАЗ автобус а, 100 сов «Гранта» машен а, 25 «Газель Некст» а схьакхача йезаш хилар.
Кадыров Рамзана баркалла элира Черхигов Адамна а, иштта, ведомствон белхахошна а йукъараллин транспортаца долуш долу кхачамбацарш дӀадахарна тӀехь къахьегарна.