Хьо тхан дегнаш чохь ваха висина

Дуккха а халонаш, сингаттамаш тIехIиттина ду вайн нохчийн халкъ: бехк-гуьнахь а доцуш, 1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнахь, геннарчу «Сибрехахь» 13 шо хан йаьккхина. Буьрса ши тIом а лайна. ХIаллакдина дуккха а вайн адам. Схьалаца хIума доцуш, цу шина а тIамо йохийна, дIайаьккхира вайн Соьлжа-ГIала.

 Кхоьлина гора адамийн йаххьаш. Чевнаш хилла, генаш а охкийна, лаьттара дитташ.

«Узаршца» охьаоьгура царна тIера гIаш. Ца хезара дека олхазарш. Бомбанаш йиттина, йохийнера хIусамаш, школаш, больницаш. Ког билла меттиг а йоцуш нохчийн халкъ кIуьрлахь диснера, ша хIун дийр ду ца хууш.

Эццахь, шен къоман бала тIе а эцна, шен гIодайукъ а йихкина, гIаьттира, Нохчийн Республикин хьалхара Президент хилла вуьззина къонах – Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цуьнан уггаре а къиза мостагI – тIом бара. Шен халкъ тIаьхьа а хIоттийна, ша хьалха а ваьлла, кхайкхаза баьхкинчу зуламхойх, вайн мохк цIанбан, тобан волавелира АхьмадХьаьжа. Иза куьйгаллехь а волуш, махка цIайерзийра иллиалархойн тобанаш, йухакхоьллира ансамблаш, музейш, библиотекаш, йухаметтахIитто йолийра школаш, берийн бошмаш, дахка долийра некъаш, маьждигаш… Схьайиллира телевидени а, радио а, белхаш кхехкара, сихбелла къахьоьгура вайнаха.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шена аьтто ца лоьхура. ГIийлачу нехан лазам шена тIе а лаьцна, царна гIо дан агIо лоьхура. Шена тIевеанчу муьлххачу а стеган гIайгIане, балане ла а дугIий, хаза дог хьостий, дIавохуьйтура. Цунна чIогIа дукха дезара бераш. Шен кегийчу доттагIийн лаамашка сема ла а дугIий, сихонца церан лаамаш кхочушбора.

Ахьмад-Хьаьжина ца безара тешнабехк, йамартло, къизалла. Иза даима а нийсонна тIегIертара. Нийсо, оьздангалла, къинхетам – иза цуьнан герз дара. Цо йуьхьарлаьцна некъ шуьйра а, маьрша а бара. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа массарна а дукхавезара. Кхин хан ца йолуьйтуш, муьлхха а шена тIедеана гIуллакх сихонца кхочушдора цо.

Иштта, адамийн дахар тодала доладеллачу хенахь, 2004-чу шеран хIутосург беттан 9-чу дийнахь, луьрачу мостагIийн йамартлонца, тешнабехкаца кхалхар хилира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. Дала гIазот къобалдойла цуьнан. Доккха тезет хIоьттира вайн махкахь, байлахь дисира вайн халкъ.

Хала дара иза вац аьлла, теша а!

Соьлжа-ГIала! Ма йелха! Ца оьшу хьо йелха! Хьалхачул хазйелла дIахIуттур йу хьо! Вайн халкъ ца дуьйхира. АхьмадХьаьжас болийна маьрша некъ чекхбаккха аравелира, цуьнан кIант Рамзан. Вайн республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана, шен дас битинчу некъаца схьавогIуш, йуха йина дуккха а хIусамаш, тодина, шардина некъаш, берийн паркаш, аттракционаш, библиотекаш, школаш, университеташ, колледжаш… Дуккха а маьждигаш дина. Шен дас болийна некъ, лаккхарчу тIегIана тIехь дIахьо Кадыров Рамзана. ХIинца, вайн Нохчийчохь йоккха серло, маьрша дахар лаьтта.

Вайн бераш массо а хенахь доьлуш, ловзуш ду. Церан дегнаш хьоьстуш, церан деган лаамаш кхочушбеш ву Рамзан. Къаьсттина гIо до цо заьIапчу, цомгашчу берашна. Царна массо а хIума латтадо.

Лаьа суна бераш ловза,

Кхуьийла уьш даима говза!

Лаьа царна Iалам довза,

Лаьа царна Даймохк бовза!

Ца лаьа церан дегнаш Iовжа,

ТIеман къахьала,

Цара кхин Iовша!

Лаьа суна бераш ловза,

Дехийла уьш маьрша, гIоза!

Массо а хIуманна бала кхочуш, къахьоьгуш схьавогIу Кадыров Рамзан. Вайн кегийрхошка шайн дайн орам, бух, дайн оьзда гIиллакхаш диц ца дайта, нохчийн мотт хIора стага, хIора доьзалехь буьйцуш хила безаран Iалашо йуьхьарлаьцна ву Мехк-Да Кадыров Рамзан. Иштта, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а олуш дара: «Мотт дийна мел бу деха халкъан иэс, кхетам, амал, синмехаллаш».

ХIинца вайн халкъ маьрша деха. Хезаш дац детта герзаш, йетта бомбанаш. И дерриге а Кадыров Ахьмад-Хьаьжера даьлла беркат ду. Дала декъал войла иза! ТIаьхьенашна буха дисина цуьнан довр доцу нур!

Умарова Лиза

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: