
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана телеграмерчу шен агӀонехь Нохчийчоьнан бахархой декъалбина Республикин денца.
«Тахана Нохчийн Республика уггаре мехалчу дезачу денойх цхьаъ билгалдоккхуш йу — Махкахойн бертан а, цхьаллин а де.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен некъ йукъаралла вовшахтохарна тӀера дӀаболийра. Цуьнан кхетаме куьйгалла а, цо тӀаьхьенан ойла йар а бахьана долуш халонех чекхдевлира вай», – йаздина Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира, Нохчийчохь терроризм эшийна хилар а.
«Вайн тӀом сацо а, терроризм эшо а, йохийна гӀаланаш, йарташ меттахӀитто а аьтто белира. Вай цхьаьна къахьегаро маьршачу дахаран хьелаш а кхоьллина, регион кхиаран новкъа а йаьккхина» – элира Кадыров Рамзана.
Иштта, Нохчийн Республикин Мехк-Дас республикехь машар дӀахӀотторехь къа мел хьегначарна баркалла а элира, бахархой дезачу денца декъал а бира.