Iодика йойла, Мархийн бутт

1416855623581ramadan1

Шара чохь богIучу 12 баттах цхьаъ бен бац АллахI-Дала шен дуьхьа фарз марханаш кхабалаш аьлла вайга дехнарг.

Мархийн бутт – Iамалийн, хастамийн, ойланийн бутт  чаккхене лести. «Марха достучу  дийнахь» – бохуш хийла оцу  дийнахь шайн дан-дезарг дагалаьцнарш дIакхелхи, дуьненчохь баха кхин рицкъ ца  хилла.

Дала  декъалбойла хIокху безачу, сийлахьчу баттахь вайн  мел белла бусалба йижарий, вежарий.

Мархийн бутт Iамалш совйоху бутт, ойланийн бутт. Жимачохь,  марханаш дуьххьара  кхобуш хилла хенаш карлайолий елар эккха. Довхачу дийнахь дийнна цхьа  хIорд хи  дIамер долуш санна хьогалло хьовзийча,  тхешан уьйтIарчу крана улле  охьахуий, хине  хьоьжуш Iара  со, юха  сайл жимах долу йиша-ваша хьийзадора  «Аш хи хIунда  ца молу?» – бохуш.

Жимчохь ца хаьара мел дашо кранаш яхкарх  цу чухула  Дала ца даийтахь хи  хуьлийла доцийла.  «Ца деана мича  гIур дара  иза? Кран йиллинехь  хир дара иза бохург» – дара жимачу хенахь  хеттарг.

Дала деллачу ниIматийн хама-пусар  сов дан Iема  мархийн баттахь. Йокъалла хIоьттина хи дIадаьлча ма дан амал дацара  вайн! Маьлхан йовхо  совъяьлча  ма и йовхо лан де дацара  вайн! Шело совъяьлча а.

Нохчийчоь-м – дуьненан ялсамани, кхузахь-м  дерриге а  шен барамехь нисдина, кечдина схьаделла вайна Дала.  Жимачу  къомана хIара  жима мохк Дала делла  совгIат ду. ГIамарш ятталучу махкарчу нахана,  гIорийна  бен хи ца гучу мехкашкарчу нахана дика хаьа вайн мехкан мах.

Соьналлах юьзна  лаьтта Нохчийчоь, комаьрша догIанаш маситтазза даьхки хIокху баттахь. Iаьрбийн махкарчу нохчийн йоIа  яздо соьга: «Диттийн генашна тIе  кхевдина  ношъелла бал йоккхуш хIун хета шуна?. Суна цкъачунна бакъ ца хета иза».

СубхьанналлахI, Африкехь йовлу бананаш йоцург  берриге а стом кхуьуш мохк бу Нохчийчоь.

Генарчу Швейцарера хьаша яра вайгахь де-буьйса доккхуш. Цуьнга  хаьттира  ас «Даьхни дукха а долуш, жижиган мах сел беза  муха нисло шун пачхьалкхехь? (Вайга 10 кийла жижиг эцалучохь, цигахь  1 кийла бен  ца догIу  оцу  ахчанах).

«Тхан махкахь жижиган мах хьалабоккхург жижиг  кIезиг хилар дац. И даьхни лело, иза дажа дIасалела бежанийн хьаьрмаш механа еза  хилар ду» – элира цо. Вай ма дехаш ду, бежанийн хьаьрмаш, ирзош,  мангал тухуш цхьа а воцуш хьалха  заманашкахь санна  лаьтташ ю.

Марха лоцуш, достуш холодильник юьззина юург  йолуш, балхахь, цIахь латийна кондиционераш  йолуш мархийн бутт кхабар хала хеташ берш бу.   Уьш кхабанне а ца  кхабар  товш дац. Дала ийман лойла вайна, къинхетам бойла вайх. Дуьненахь а, эхартахь а гечдойла  вайна Дала. Ма йиш яц  вайн АллахIа  геч ца дан.

Хало, мацалла, гIело дIатоьттуш марханаш  кхобуш баьхна Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) заманахь бусалба  дин даржош декъала хилла АллахIан лайш. Церан ийманах хьоьгийла  вай.  Мархийн беттан гIиллакхаш, уьш  а ма-ду Iамалан  мехха.

Къаьсттина баркалла  вайн зударшна, оьздачу  несаршна. Наб уггаре а марзъеллачу   хенахь гIуьттуш, шайн марзахошна, цIийндайшна, кертарчу баккхийчу нахана хьалха кхача  хIиттош, доьналлица  чекхбевллачарна. Дела реза хуьлда шуна. Дегнаш, синош  цIандина  дIабахана  хуьлда хIара  мархийн  бутт.

Дала ялсаманийн деза совгIат  дина  кордойтуьйла  вайн  хIора марха.  Далла бу хастам, вай кхобуш, кхиош  волчунна.

 

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: