Матвиенко Валентинас баркалла аьлла Кадырова Айманина

Белхан гӀуллакхца Соьлжа-ГӀала йеанчу РФ-н Федеральни Кхеташонан Федерацин Советан Председатела Матвиенко Валентинас мискачу нахана гӀо дарна а, сий долу кӀант кхиорна а баркалла аьлла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондан Президентана Кадырова Айманина.

«Суна даггара баркалла ала лаьа, дуккха а шерашкахь йукъараллин болх дӀабахьарна а, нахана гӀо дарна а, сийн долу кӀант а, бераш а кхиорна а ларамечу Несин Айманина», — аьлла цо.

Иштта, цо билгалдаьккхира, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондан вице-президентан Кадыров Меднин хьуьнар а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: