
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан тӀедиллар кхочуш а деш, белхан гӀуллакхца Москва вахана волу Нохчийчоьнан Правительствон Председатела Даудов Мохьмада цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Россин Федерацин Президентан чоьхьарчу политикин урхаллин хьаькамца Ярин Андрейца.
«Регионан социальни-экономика кхиоран а, мехкан Президентан тӀедахкарш кхочушдаран а гӀуллакхаш дийцаре дира охашимма. Иштта, республика кхиаран а, нехан дахар тодаран а декъехь бан безачу балхах лаьцна а дийцира. Къаьсттина тидам тӀебахийтира федеральни а, регионан а Ӏедало цхьаьнагӀуллакхашдарна», — йаздина Даудов Мохьмада телеграмерчу шен агӀонехь.
Республикин Правительствон Председатела билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан а, федеральни центран а гӀоьнца Нохчийчоь сихачу боларшца кхуьуш хилар.