Кадырова Хадижа Кадыров Рамзанан маршаллин дешнашца йистхилла Евразин зударийн 4-чу форумехь

Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель — Нохчийчоьнан министр Кадырова Хадижа Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан маршаллин дешнашца йистхилла Евразин зударийн 4-чу форумехь.

Форуман дакъалацархошна хьалха цо дӀадийшира Нохчийчоьнан Мехк-Ден кехат. Цу тӀехь йаздина дара форуман мехаллах лаьцна. Цул сов, тидам тӀебахийтина бара Нохчийн Республикехь зударшка болчу ларамна а.

Цигахь, къамел деш Россин Федерацин Советан Председатела Матвиенко Валентинас билгалдаьккхира, Нохчийчохь зударша республикин дахарехь йоккха меттиг дӀалоцуш хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: