
Соьлжа-ГӀалин Эсамбаевн бульварехь «Ма хададе къоман гӀад, деша «СтелаӀад» журнал» акци дӀайаьхьна Издательски цӀийно а, «Грозный» НПТРК-с а.
Цигахь дакъалаьцна Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гӀирсийн векалша а, школийн дешархоша а, Соьлжа-ГӀалин бахархоша а, хьешаша а. Мероприятин Ӏалашо йара тӀекхуьучу чкъуран нохчийн матте а, журнал дешаре а безам кхоллар.
Акцин гурашкахь берашна йукъахь ловзарш а, викторинаш а дӀайаьхьна. Уггаре а жигара дакъалаьцначу берашна совгӀаташ дира.
«ХӀокху журнало йоккха меттиг дӀалоцу берашна йукъахь нохчийн мотт баржорехь а, марзбарехь а. Цундела ас хӀора а нохчо кхойкху «СтелаӀад» журнал йаздаре, дешаре. Вайн къоман цхьаалла Ӏалашйан, вай вешан мотт Ӏалашбан беза. ХӀара журнал хӀоранна а доьзале кхача дезаш ду», — элира цигахь вистхиллачу «Грозный» НПТРК-н директора Ахмадов Чингиза.