Хелхар

(Эссе)

Кху аьхкенан довхачу дийнахь хьешийн ковра юьртарчу школе дIакхаьчча, цуьнан уьйтIарчу, гIа-патаршна дазделлачу «доьлхучу» даккхашна кIел дIахIоттийна нохчийн синкъераман кеп яра. Баьрччехь хьешашна а, лерамечу нахана а хIиттийначу стоьлашна гуонаха Iаьржа кIеда гIенташ лаьттара, ткъа духхехь, хийла бераша къа ца хеташ техкийначу дечиган гIенташ тIехь Iара кхушара дешна бевлла мехкарий а, царна тIехьа церан хьехархой а,  зудабераш а, юьртара зударий а.

IMG_4829

Машенаш тIера охьабуьссучарна, хIусамдай дуьхьал бахана, маршалла хаьттина, хьешашца ийна тIебогIурш лоруш, берриге а хьалагIевттира. Мехкаршна пе тоьхна-а лаьтта кегий нах дIахилла, хьешашна баьрче бовла меттиг  яьккхира. Вовшашка бистхилла, дIатарбелла хIорш бовллушехь, школин йоккхачу уьйтIахь хелхаран мукъам баьржира. Юьртара жимха юкъаваьлча, мехкарийн могIарера йоI хьалагIаьттира. Цу шимма хелхаран майда йовзуьйтуш, иза маьрша хилар хоуьйтуш, хелхар дира. Шайн хелхаран бал чекхболуш, стоьла йистехь Iачу хьеше рагI дIакховдош, цунна хьалха бохь буьйгIира кIанта.

Датон варкъ диллина сира корта болу, чIурам санна лекхачу дегIахь хьаша хелхарна хьалагIаттарца, хиъна Iаш мел верг хьалаг Iаьттира. Хьеше болу лерам гойту синкъераман гIиллакх хиларал сов, Россин Федерацин халкъан артист, Москварчу, Эсамбаев Махьмудан цIарахчу искусствийн школин куьйгалхо, Мальцагов Докка хелхаран гуоне ваьлча, мила Iийр вара хиъна? БIаьстенца, баьццарчу боьлакан арахь тайп-тайпанчу зезагийн мутт муьйлучу полланех терра, дайчу дегIахь хелхаран гуона волавелла Докка, ша кхаьчначу  юьртарчу бахархойн безам-марзо эца Iемина хилар гуш дара. Екхначу юьхьца, аьрзунан боларца даржийначу тIемашца ша цкъа а ца хиллачу, кху охьарчу юьрта  кхаьчна, шен воккхавер гойтура цо. Муьлххачу а юьртан бахархоша веза хьаша вина тIеэцар кхуьнан дахаран хьашт делахь а, маьхза дацара, кхуо а лора царна ша охIла волу къоман башха хелхар.

Шуьйрра ког боккхуш, хьалхара гуо тесира хелхарчас. Лекхачу толлан дуткъа синтар санна йолу йоI хьалагIаьттира. Шен хьомечу Шуьйтана гуонна даьржинчу аьрхачу Органна тIера даима а хьоькхучу мохах хьаьвзира Докка йоIана гуонаха. Ма товш дара и шиъ! Хелхаран зеделларг гулдан хан йоцу, бIаьргашна тIехIуттучу Iаьржачу кIужална бухарчу сирлачу бIаьргийн зIаьнарш наггахь схьакъадайой, уьш цкъа а ца хилча санна, хьулъян ларайо йоI а, дуккха а мехкашкахь, иттаннаш хелхаран майданашкахь,  нохчийн къоман хелхар довзийта говзалла тоьъна волу воккха хелхарча а. Аьллачунна масал далош дагадаийта луур дара, 2005-чу шарахь, Лондонерчу Трафальгарски майданахь, Доккас куьйгалла дечу школа-студин хилла боккха кхиам. 95 эзар ингалсхоша боккхачу лерамца тIеийцира студин дешархой. «Нохчичунна хелхавала, кечйинчу стоьла тIера цхьа ша хиллал меттиг а тоьар ю. Цо шен хелхарехь, цхьа а пхьегIа а ца харцош, къоман амал а, цуьнан синмехаллаш, дог-ойла а гойтур ю», – яздора цу хенахь арадевллачу меттигерчу газеташа. Лондонан мэра Левингстон Кэна а хьошалла дира вайн махкахошна.

Шен дахарехь иштта масалш мел дукха делахь а, тахана санна, нохчийн махкахь, нохчийн кхерчахь доггаха хелхаволу Докка. Кхузахь и шен цIахь, шен махкахь, ша везачохь, вевзачохь, шен дог делла йиш йолчохь, и ца диллича а шех кхетар волчохь ву.

Вота-пондар а, хьовсархоша детта тIараш а цхьаьнаийначу майданара хелхарчин «хIорс-вай» лоьман мохь-цIогIанах даржар а, бIаьрнегIар тухучу мIаьргонна, берзан кIомсарш санна, вовшахкхетачу куьйгийн морзахна юккъе йоI лацар а, стелахаьштигах хелхарча хьовзар а вовшахъоьра.

Иштта даггара хелхар тахана шайна бен Доккас ца дина аьлла хетачу юьртахойн  дегнаш ир-кара хIиттинера. Хелхар дахделлехь, царна девллачу тIемашна тIе мас яла а мегара. ТIаккха уьш стигланан паналлехь лаха безар бара! Иштта ницкъ бу-кх нохчийн хелхарехь, къаьсттина, цуьнан садоллу меттиг евзачу Мальцагов Доккас деш хилча.

Т.САРАЛИЕВА

 № 79, еара, 16 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: