Йерригроссин «Кавказан аз» XXIӀ-чу радиофестивалан толамхошна совгӀаташ дина Соьлжа-ГӀалахь

Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан хилира Омаев Дагунан цӀарахчу даздарийн цӀийнехь дӀадаьхьначу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсан леринчу Йерригроссин «Кавказан аз» радиофестивалан толамхошна совгӀаташ дӀадаларан цхьаьнакхетарехь. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

«Ас декъалбира хӀорашеран конкурсан толамхой а, дакъалацархой а. Даггара баркалла элира хаамийн болх дика дӀабахьарна. ХӀокху 12 шарахь «Кавказан аз» фестиваль къахьоьгуш йу тайп-тайпана регионаш а, вайн мехкан халкъаш а цхьаьнатохарехь», — аьлла Кадыров Рамзана.

Мероприятехь Нохчийчоьнан Мехк-Дас республикин шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахошна пачхьалкхан тайп-тайпана совгӀаташ дира. «Грозный-информ» хаамийн агентствон директорна Гичкаев Артурана Нохчийн Республикин лаккхара совгӀат — Кадыровн орден йелла. Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхарчу заместительна Абдулмуслимов Сайд-Селимна «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсан» мидал йелла. Иштта цхьамогӀа журналисташна сийлаллин цӀераш а, билгалонаш а, НР-н Мехк-Ден Баркаллин кехаташ а.

Циггахь, вокалистана Пшеничный Денисана а, Искандирова Адельна а «Нохчийн Республикин хьакъволу артист» сийлахь цӀераш а йелира.

Цул тӀаьхьа билгалбехира фестивалан толамхой а. «Ӏуьйренан шоу» декъехь хьалхара меттиг йаьккхина «Экспресс Радио Орёл» радион коьртачу редактора Щербакова Еленас. «Хаамийн программа» а, «Тематикин программа» а дакъошкахь тоьлла лерина «Кузбасс» ГТРК-н радиослужбин белхахочун Шпак Александран а, «Пурмедиа» МАУ-н радиовещанин коьртачу редакторан заместителан Беликова Викторин а белхаш.

Йерригроссин «Кавказан аз» XXll-чу радиофестивалан декъашхошна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондера ахчанца совгӀаташ дина.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана фестиваль лаккхарчу тӀегӀанехь дӀайахьарна баркалла элира Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчина, НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министрана Дудаев Ахьмадана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: