
2000-чу шеран аьхкенан йуьххьехь дара иза. Аьтта тIекIалтесна Соьлжа-ГIала а, мохк мел бу хоьхку тIеман техника а, денна дIакхоьхьу адамаш а, царна тIаьхьа боьлху нохчийн наной а, цхьана а меттехь болх беш йоцу школа йа дешаран цхьа заведени а, йа республикехь арадолуш доцу цхьа а вайн маттахь газет, журнал…
Со хIокху махкара, йа йерриг а Россера дIаваха воллуш вара. ДIаваха, йа стенга а, мича, муха а ца хууш. Некъаш хIорамма а тайп-тайпана дуьйцура, йуха дозанал дехьа волуш ала дезарг а, дан дезарг а хьоьхуш. Шен цIахь а болуш шен цIера баьллачу йа шен Даймахкахь хIора а нохчичуьнга шен Даймохк лоьхуьйту шераш дара уьш. Йа цхьана хьан цIийнах а, йуьртах а, йа цхьана а вайн нохчийн йуьртара хила йиш а йоцчу, Делан а, къоман а мостагIаша хьан Нохчийчоь хьуна хьарам а еш, кхидолчу массо а къомана хьанал а йеш, хьан лачкъийна шераш. Хьан дерриге а къам хIокху дуьненан массо а къомо сийсазден, хIора а хаамийн гIирсо хIора а денна, сарралц, шен хIун бехк бу а ца хуу нохчийн къам сийсаз а ден денош, беттанаш, шераш.
Легашкахь цхьа беса шад лаьттара, йуха коьртехь тIаьхьарчу шерашкахь мел гинарг, мел лайнарг, кху мискачу, шен къинхетамах дIовш даьлла, йала йоьжначу Нохчийчоьнан лаьтта йийшина, ченашлахь Iохку гIаланаш, хIусамаш а…
Дега аьллера, нана йацара… Деда вара. Цуьнан бIаьрдуьхьал хIоттар дара уггаре а халаниг. Цуьнан къамел гуттар а цхьана генара хуьлура. И деден генара къамел а, хьехарш а дукха генара дара, итт шарера, хIора денна, школера воллушехь, Маьрша Нохчийчоь йан араваьлла хиллачу хьан сирлачу, беран сатийсамашка лан а ца луш, амма дуьхьал хIума ала йиш а йоцуш, хьо ца тешна, хьуна теша ца лиъна долу бакъдерг дара тховса суьйранна а ладогIа дезаш. Амма тховса къарваларан, хьуо хьайн эшоран, хьуо кIелвисаран, ницкъ кхачоран иэхьал а деза дара тховса дедега ала дезар а, йуха цуо хьуна лун долу жоп а…
– Дада, со дIаваха воллу, – элира ас, рагIу кIеларчу дечиган маьнги тIехь маьркIажан ламаз дIадерзош воллуш хиллачу деден уллехь и валлалц собар деш а Iийна. – КIордийна суна дерриг а. ХIара хIинца Нохчийчоь йац, хIара кхин хир йац Нохчийчоь. – Ас деса къурдаш сецадора легашкахь. Дада вист ца хуьлура. Иза уггар а халаниг дара. Цуо дош цааларо дуккха а дуьйцура. Цуьнан цу иштта хуьлуш йолчу тийналло Iадавора цкъацкъа.
– Стенга ваха воллу хьо? – хаьттира эххар а. Амма сан дала жоп дацара. И хаттар ас тIаьхьарчу деношкахь сих-сиха айса сайга а луш, амма жоп доцу хаттар а, и дадин вист а ца хуьлуш, хIинца долу ладегIар санна.
– Ца хаьа, цкъачунна ца хаьа суна суо стенга гIур ву. Кху махкара массо а дIавоьдуш ву, вайн мохк бохийна, белхаш бац, дахар а меллалц хир ду хууш цхьа а вац… – сайн дегош долу аз ца гайта гIерташ къийлавелла со кхин вист а ца хилалуш висира. Дедас йуха а ладоьгIура, схьа ца хьожура, пена тIе бIаьргаш а догIийна Iаш волчу дадас: «Кхана дуьйцур ду вайшимма», – элира эххар а. Сан къамел кхачийра. Йа суна схьахаийтира и хабар цу суьйранна кхидIа хила оьшуш доций. Йуха аьхкенан буьйса Iаьржа йара. Ток а йацара. Сахила гена дара, йа чохь буьйса йаккха а дацара маьрша…Цхьанхьа ваха везара буьйса йаккха йа, нахана а ца лаьара хьо шайга вогIийла, хIора а вара сингаттамехь…
– Хьада, дIавало, дIавала, ахь а, хьо санна мел леллачо а лехнарг ду шуна карийнарг. Хьан боьхкина хьан мохк, хьан аьтта хьан мохк, хьо а, хьо саннарг а хьан ца вуьтура ваха… – къамел кхидIа ца хилира. Дада шен чу вахара. МаьркIажан бода а къовлабелира…
Де буьйсанал а маьрша дара. Ас дечу къамелана ша реза вацахь а, амма и шен резавацар лачкъийна, сайна бакъо дадас лург хиларх тешна волу со, шолгIачу дийнахь сарралц сайн цхьацца кечамаш беш а лийлира. Суьйранна керта вогIучу соьга чу кхайкхира дадас.
– ЦIавеан хьо, – Дада, шен хIусамашна хьалхарчу сенин кораца долчу оганца бинчу дечиган маьнги тIехь Iара.
– Веа, – элира ас. – Цхьацца кечамаш беш вара со. Кхузахь кхин машаре дахар хир ду бохучух тешаш вац со, Дада. Вайн мохк аьтта, гIаланаш йохийна, адамаш денна дIадуьгуш, хIаллакдеш, тIепаза довш ду.
– Машаре дахар дича бен ца хуьлу, – йуха а ойланашка велира Дада. – Ахь ца дира машаре дахар, аш ца дира, хIинца мел хан йу хьан, кестта 28 шо кхочур ду. Къанвелла стаг ву хьо. Ахь маса синтар доьгIна? Маса хIусам йоьгIна? Къа ца хьегча ца хуьлу хIумма а…
Ас ладоьгIура.
– Хьо ца оьшу цхьанхьа а ваха, – доккха са доккхуш санна тIетуьйхира дедас, – Хьуна ваха лаахь, хьуна хIокху махкахь дика хила лаахь, къахьега, цхьанхьа а ма гIо. ХIинца, тахана кху махкахь керла куьйгалхо хIоттийна хьуна, кху махкахь кху мехкан куьйгалхо хIинца вайн къоман стаг ву, къонаха ву, дикачу буха тIера ву, суна церан баккхийнаш бевзара.
– Мила хIоттийна? Муха хIоттийна вайнехан стаг? Кхуза муха хIоттаво нохчи? – со цецвелира. Тахана вайна хIуъа хетахь а, и шераш цхьаболчарна мел дицделлехь а, амма хьал девзаш хиллачунна, и суьрташ гинчунна теша хала хIума дара Дадас дуьйцург.
– ХIун «цара»? «Цара» муьлш бу? «Цара» ца хIоттийна, Дала хIоттийна, Дала хIоттавайтина цаьрга. Вайн къомах бина боккха къинхетам бу иза. Хастам бу Далла, Дала йуха а къинхетам би вайх, вай мухха хиллехь а, вай вовшашца хIуъа лелийнехь а. Тахана дуьйна кху махкахь Куьйгалхо Ахьмад-Хьаьжа ву хьуна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. – Дадин бIаьргаш тIунделлера. Со вист ца хуьлура, йа вист а ца хилалора, цу дуккха а хIуманаш шен дахарехь гинчу стеган ладегIар гуш, цунна хIун гина, цо хIун лайна, стенгахула чекхвийлина хууш.
– Баккъал а бах ахь, Дада? – эххар а хаьттира ас. И сайн хаттар нийса доцийла хуъушехь. – Дада, вайн муфти ма ву ахь вуьйцург, вуй?
– Ву. ХIинцца цхьа сахьт хьалха радиочухула ладуьйгIира ас. Ахьмад-Хьаьжас къамел а дира. Къонахчун къамел дира. Кху Нохчийн махкахь цхьа а зуламхо вац йа талорхо а вац, цхьана а нохчичун бехк бац бохуш, дукха чIогIа дика къамел а дира цо. Дела реза хуьлда цунна.
Суна Ахьмад-Хьаьжа вевзара. Цуьнан кхетам а, къонахалла а йевзара. Хьалхара тIом дIабаьлла, нохчийн маьрша пачхьалкх йан арабевлларш шайн даржаш ца декъалуш, барт а боьхна, тIамо гIелдина къам массо а агIор дIасаийзош, хьийзон боьлча, дуьххьара уллера вевзира суна Ахьмад-Хьаьжа.
Йуха Ичкерин президент хIоттийна волу Масхадов шена халкъо белла тешам цхьана обаргашна, талорхошна дIа а боьхкина, цу зуламхойн боьхачу гIуллакхех шен къам лардан ницкъ боцуш висча, шолгIа кхин а дика вевзира. Цул тIаьхьа, цхьа шайтIанаш йерриг а вайн Нохчийчохь цкъа а нохчийн ца хилла гIиллакхаш даржон дагахь, къомаца эвхьазадевлча, тIаккха Ахьмад-Хьаьжас цаьрга а, йа вукхаьрга а, йа цхьангга а ша шен къам хьийзадойтург цахилар дIахоуьйтуш, цу хенахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «ВАСТ» газетана интервью а йелира. Суна дерриг а дагаоьхура оцу мIаьргонехь. Дерриг а карладуьйлура.
– …Хьоьгара цхьамма а хIумма а схьа ца даьккхина, хьуна мацах и дерриг а динчо, хьо гена валавоьлча, ша делларг хьоьгара схьадаьккхина. Тахана ахь де хьайна. Хьайн гIаланаш йухайе, хьайн мотт, хьайн гIиллакхаш йухакхиаде, йарташ меттахIиттае, айхьа йуьйцуш йолу школаш болх бан йуьйлайалийта. Тахана Дала Шен къинхетам бина вайн къомах йуха а. Вайн махкана дика къонаха, бусалба куьйгалхо велла, цунна гонаха дIахIитта дерриге а, цхьаъ хила, шен доьналла доцург дIагIо, вада, амма кхана суна, йа кху махкана бIаьргадуьхьал кхин ма вола… – со суо сайга, цхьацца дагалоьцуш, ладоьгIуш вара, йукъ-кара деден хьехарш, къамел а дара схьахезаш.
– Дада, со ца воьду цхьанххьа а, – элира ас, со хьалагIеттина, цу чуьра араволуш. – Ца воьду со цхьанххьа а, цIахь Iийр ву со. Со сайн дуьххьарлерчу корматаллица хьехархо ма ву, школе балха гIур ву кхана.
И дерриг а кхана дара. Ткъа тахана сан Нохчийчоь кхин йара. Со кхин цхьанххьа а ваха дагахь вацара. Ас йух-йуха а (Дала иза декъалвойла) тIом болабалале Ахьмад-Хьаьжин парламентехь хилла дIахьедарш а, цуо кху къоман кхоллам шолгIа а кху тIама кIел ца кхоссийта гIерташ, мел дина гIуллакхаш а, массаьрга биттина мохь а дагалоьцура.
Цхьана а нанна ца лаьа шен кIант хIаллакьхила, цхьана а дена шен доьзалхочун кхоллам шен а, шен ворхIе ден а санна, къийсамехь, Iовжамехь, гуш боцчу, банне а боцчу бехкехь, хила а ца лаьа. Къонанаш шайн догцIеналло, Даймохк безаро Iехийнехь а, амма царна хьалхабевлларш шайн Iаьржа, йамарт ойланаш а йолуш, кху къомана зулам дан арабевлла бу. Дала мукълахь, и зулам бахьанехь вайн къоман кхоллам кхин а дакъаза ца балийта, ас сайга далург а, цадалург а дийр ду. Нохчийн къам цхьаьннан а мостагI цкъа а ца хилла, мелхо а, Россин а, кхечу пачхьалкхийн а уггар а лаккхарчу тIегIанехь, хIораннан а боккхачу тешамца, безамца чекхваьлла ву массо а вайн къоман векал…» – «Васт» газетана интервью дIайазйеш, цу хенахь сан хилла белхахо а йолуш, и шен сирла ойланаш иштта йовзийтира суна 1998-чу шеран гуьйранна Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Ас уьш дерриге а цу суьйранна дагалоьцура. Амма дагалоьцуш Iен а йацара йиш. Со, тахханалц буьйсанна чохь буьйса йаккха йиш а йоцуш хилла волу, шолгIачу дийнахь Шелара Гуьмсе вахара, некъан хIора гола тухучохь дIахIоттийна йолчу салтийн посташкахь хаьттинчуьнга, Гуьмсе, правительстве воьдуш ву, сайга хIун накъосталла царна далур дара хьажа, бохуш, хIора салти кхето а гIерташ..
…Зама дIайоьду. Хенан хIора мIаьргоно диканиг а, вониг а хьан лар а хуьлий, тIаьхьа хIоьттина, IиндагI санна, хьоьца а дуьсуьйтуш. Тахана, Дала иза декъалвойла, Ахьмад-Хьаьжин лар, цуьнан сирла ойланаш, шен къомах, къоман кхолламах цу хенахь дуьйна лозуш хилла дог, Везачу Деле цуьнан мел хилла доIа сирлачу сибате даьлла деха тахана. Дала жоп делира Ахьмад-Хьаьжин доIанашна. Везачу Дала, Ахьмад-Хьаьжех кху дерриг а къомана беркат а дина, хIара вайн Нохчийчоь йухайелира. Хьалхо ас ма-аллара, шен цIахь йоллушехь цIера йаьккхина, махках, даймахках йаьккхина, бIаьрзйина хьийзош хилла йолу вайн Нохчийчоь йуха цIайерзийра.
Россин хилла ца Iаш, дуьненан массо а бохург санна хаамийн гIирсаш а цхьаьна бара, вайн къам машаречу хорша а дирзина, шен Iедал а долуш, конституции а йолуш, дуьненан кхин мехкаш санна дIахIоттар лан аьтто боцуш, арабевлла, питанаш лелош. Амма Ахьмад-Хьаьжин шен къоме а, кху вайн йерриг Нохчийчоьне а, кхуьнан машаречу кхолламе а болу безам чIогIа бара цу берриг а къизачу ницкъал а. «Вайн махкахь конституци тIеоьцуш референдум а хир йу, адамашна машаре даха а лаьа, дерриг а кхидолчу къаьмнашца гергарлонаш лелон а лаьа, нохчийн къомана тIом барал а дика хаьа гергарлонаш лелон…» – бохуш, цо дуьнене бетташ болу мохь ца хазийта ца лелош хIума дацара цхьана Iаьржачу ницкъаша. Амма церан вайн Нохчийчоьне болчу цабезамал а туьйлира Ахьмад-Хьаьжин вайн махках, шен къомах лозуш долу дог. Вайн республикин Конституци кечйеш, Ахьмад-Хьаьжас цу тIера хIора дош, хIора могIа мел лерина боьшура, хIора агIонан чулацам мел лерина толлура а дагадогIу суна. Иза воккхавера кху мехкан цу коьртачу тоьшаллех. «ХIара вайн къоман, вайн Даймехкан коьрта тоьшаллин кехат ду. Вайн къам кху лаьттахь долуш хиларан, массо а хенахь хила дезаш хиларан коьрта билгало йу. Цундела леррина хила а деза, кху тIехь вайн къоман мотт, меттан йоза хьалха хила а деза…» – элира Ахьмад-Хьаьжас цу йукъана ша «Даймохк» газетана елла хилла интервью дIайазйечу хенахь. Иза доккха хIума дара хIора а нохчичунна. Иза хIора а нохчичунна доккха деза де дара. Къам балех даларан де дара иза. Къоман цхьа а бехк цахиларх дерриг а дуьне теша доладаларан хьалхара гIулч йара. И гIулч, Дала декъалвойла, Ахьмад-Хаьжас йаккха а йаьккхира…
…Нохчийн къомана беркатечу дахаран бух биллина шо чекхдолуш, тIедогIуш долчу 2004-чу шарца нохчийн къам декъалдеш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас «Даймохк» газете керлачу шарца вайн бахархой декъалбар даийтира. Газет кху махкахь цу хенахь зорбатухуш цахиларна, сихха кечдина, газетан хьалхарчу агIонна тIе а диллина, суьйранна комендатски сахьт доладалале кху махкара арадаккха дезаш хиларх кхеташ, сихха чувеана со, и кехат а карахь, цхьа тамашийна дегI кIад а делла, гIанта охьахиира. Йуха ца хуьлуш ойла а ца йисира, сайна мел гина бохамаш а, отуш гина гIаланаш, йохош гина хIусамаш, лелхаш гина бомбанаш а, дайъина бераш, зударий… – дерриг а коьртехула чекхделира сан цу мIаьргонехь. Йуха воккхаверан, дуьххьара, цу масийтта шарахь, со нохчи ву аьлла, Дала кху дуьненчу ваккхарх дозалла гIеттира сан кийрахь сица, дагца. И декъалдар, вайн Нохчийн халкъ тIедогIучу керлачу шарца Кадыров Ахьмад-Хьаьжас декъалдар нохчийн маттахь йаздина дара!
Школера ваьлчахьана цу газетехь болх беш Iийначу сан дахарехь суна дуьххьара гина хIума дара иза. Иза суна тамашийна хIума дара, йа цхьа шатайпа, сан коьрта чу ца ваьлча цхьа а кхетар а воцу шатайпа дозалла, шатайпа ирс йа цхьа лакхе йара. Хьалхо, Нохчийчохь цхьана а къомах йа пачхьалкхех йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхийначу хенахь церан хIора а нохчийн пачхьалкхан «президентан» декъалдар оьрсийн маттахь долчу газеташа ша ма-дарра тIедуьллуш дара, ткъа нохчийн маттахь арадолуш долчу газето Нохчийн пачхьалкхехь оьрсийн маттахь йаздинчара нохчийн матте даккха дезаш дара. Ткъа тахана ша хила ма-деззара дIахIоьттинера, йа ас гуттар а са ма-тийссара…
Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, шатайпа амал хиларал сов, нохчийн къонахалла йолуш, ойла йар, дуьнене хьежар, деш долу гIуллакх, баккъал а нохчичун долуш, йа ма-дарра аьлча, ойла а хила ма йеззара, бусалба, нохчо йолуш къонаха вара. И бахьана долуш, Везачу Дала цунна хIара вайн нохчийн къам дуьненчуьра гуттаренна а дIадаларан зила тIера дIадаккха доьналла, кхетам белира, цуьнан цу дезачу, сийлахьчу доIанашна жоп делла, хIара къам цу балех хьалха а даьккхира…
Дуккха а шераш девлла цул тIаьхьа. Зама дукха сиха дIайоьду. Дукха хIума дIадолу дуьненчуьра, дуккха а керланиг дахаре доьрзий, ша гуттар а хилла долуш санна, даха а деха. Амма цхьаъ ду дахарера цкъа а дIа ца долуш, заманан шен куьзганара дIадайа йиш йоцург – иза кху дахаран бакъдерг ду. Иза цхьана стага шен мехкан, шен къоман, къоман сирлачу кханенан дуьхьа дIаделла дахар ду. Иза гуттаренна а диса а дуьсу дахарехь, иза гуттаренна а цхьа боккха лам а, адаман дахаран сатосу седа хуьлий, серлонца лепа а лепа. Иза вайн къоман, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сирла даьгна, вайн къоман ирсана даьгна, цу къонахчу стага вайн Нохчийчоьнан беркатечу кханенна дIаделла дахар ду. Йа, ма-дарра аьлча, охьадиллина, вайна масаллина охьадиллина, дахар ду. Вайн халкъ маьрша, ирсе, зовкхе дахийта, шех махкана тIера сагIа дина, бакъдуьнена дIавахана иза. ДIавахана, гуттаренна а халкъан дагчохь, иэсехь виса.
Ахьмад-Хьаьжа санна болу къонахий цкъа а леш бац. Уьш халкъан иллешкахь, назманашкахь, кхоллараллехь беха. Ишттачу къонахех долу бакъ дош тIаьхьенаша тIаьхьенашка дIа а кхийдош, дуьне мел лаьтта деха. ТIаьхьенан дегнашкахь халкъан турпалхо хилла вехар ву, вехаш ву, хIара дуьне мел лаьтта ваха хьакъ а ву ша кху къомана мел динчу дикачу гIуллакхашца, шен комаьршачу гIиллакхашца, махке хиллачу безамца, баккъал а хиллачу нохчаллица, цIена нохчичуьнгахь бен хила йиш йоцуш, шегахь кху дуьненал а йоккха хиллачу къонахаллица Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Со тешна ву, Ахьмад-Хьаьжин доьналлех, къонахаллех, гIиллакхех кхин а дуккха а белхаш вайн йаздархоша, поэташа, Iилманчаша йазбийриг хиларх, ткъа уьш цхьа а чаккхе йоцуш йазбан болуш хиларан вайн цхьана а нохчичун шеко а хир йац.
Дала декъалвойла хьо, Ахьмад-Хьаьжа, Дала къобалдойла хьан гIазот! Хьан дуккха а дисира даза диканаш, цхьана Делан а, кху вайн къоман а мостагIаша тешнабехкаца хадийра хьан дахар. Амма шена тIаьхьа шен синах са кхуьуш, цIийх цIий кхуьуш буха вуьсуш кIант а волуш дIавалар, иза дIавалар а дац, олуш ду вайн. Тахана Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана дийнахь а, буьйсанна а кхочушдеш схьадохьуш ду ахь мел долийна хилла гIуллакх, тахана кхочушйина, Нохчийчоьнна схьалуш йу хьан мел хилла цIена ойла, сирла нийят, хьан мел долу, ахь Далла мел дина доIа, цунна хьан сирлачу доIанашна жоп луш, вайн мехкан
Куьйгалхочун доьналло, хьекъало, цунна даггара къам, мохк дезаро, туьйра санна дIахIоттийна вайн Нохчийчоь. ХIора лам, хIора ломан йурт, хIора кIошт, хIора гIала аьнгалин гIаланашца стигала кхийда вайн Нохчийчохь. Нохчийчоь йехаш йу хьан доIанашца, хьан сатийсамашца, хьан сийлахь цIе, кху нохчийн къоман хIора а бакъволчу къонахчун сирла цIе, кху ерриг а Нохчийчоьнна ахь тиллина йолу машаран цIе дуьне мел лаьтта латтийта, и цIе йахийта дийнахь а, буьйсанна а къахьоьгуш вайн мехкан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а ву.
Б.ШАМСУДИНОВ