1957-чу шарахь меттахIоттийра нохчийн маттахь арадолуш хилла «Ленинан некъ» газет. Амма иза арахеца редакцин коллектив вовшахтухуш, дуккха а къахьега дийзира партин обкоман белхахойн. Газет арахецаран гIуллакх девзаш болу белхахой чIогIа кIезиг бара: хьалхарчу деношкахь вовшахкхеттарг масех стаг бен вацара. Амма хьалхара хала мур дIаиккхинчул тIаьхьа жим-жима богIуш, нах цIаэхарца стамъяла йолаелира редакцин белхахойн коллектив а: цига керла белхахой баьхкира. Царна юкъахь вара Ахмадов Iумар а.
Балха веанчу юьххьехь дуьйна, цигахь болх беш дуккха а хан йолуш санна, шен стаг хилла коллективана юкъавахара иза.
Иза редакце балха вогIучу хенахь школа а, цул тIаьхьа Алма-Атара Казахски пачхьалкхан университетан физико-математически факультет а, тIехдика доьшуш, чекхъяьккхина вара (Iумар вина 1927-чу шеран 25-чу октябрехь). Дешарх дика кхетам болуш а, университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа шаьш дехачу Джамбульски областан Мерке гIалахь уггаре а чолхечу хьелашкахь хьехархочун болх бина, къинхьегаман а, дахаран а зеделларг долуш, хилла ваьлла белхахо вара. Цунна юххехь болх беш долчу тхуна цуьнгара Iама а, схьаэца а дуккха а дика масалш дара. Цунах оха пайда а оьцура.
Iумар «Ленинан некъ» газете балха воггIушехь промышленностан, гIишлошъяран, транспортан отделан куьйгалхо хIоттийра.
Цунна дика хаьара нохчийн мотт а, йоза а. Вай цIерадахале хьалха Соьлжа-ГIалахь ваьхна, дика евзара цунна гIала, цуьнан урамаш, промышленность, гIалин дахар. Оцо гIо дора цунна шен отделан болх тоха ма-беззара дика вовшахтоха а, дIабахьа а.
Нохчийн, оьрсийн меттанаш дика хааро а, гIалин дахар ша ма-дарра довзаро а цуьнан таро хуьлуьйтура гуттар а буьйцучу нохчийн маттахь доцу промышленностаца, транспортаца доьзна долу технически а, леррина долу а дешнаш нохчийн маттахь яздан. Оцу хенахь иза тхан балхана доккха гIо деш дара.
Балхахь доккха накъосталла хуьлура цо отделан болх хаарца, говза дIахIотторах. Iумара куьйгалла дечу декъехь вовшахтоьхна яра Iилманан-талламан институтийн (хIетахь уьш Соьлжа-ГIалахь иттаннаш яра), дешаран заведенийн Iилманчаш, предприятийн, организацийн куьйгалхой, говзанчаш, цIеяххана бевзаш болу къинхьегаман хьалхелелорхой юкъабогIуш йолу кхеташо. Редакцехь кест-кеста цхьаьнакхетара цуьнан декъашхой, йийцаре йора шаьш хьалха зорбатоьхна материалаш, билгалйохура тIейогIучу хенахь газетехь зорбатоха магош ерш.
Шен-шен хенахь дIахьора отделан белхан уггаре а мехалчу гIуллакхех лаьцна йолу «горга стоьлаш». Цул тIаьхьа газетехь арайовлура болх кхин а жигарабаккхаран некъаш билгалдохуш йолу материалаш. Хаддаза зIе латтайора штатехь боцчу корреспонденташца, редакцин жигархошца. Оцу дерригено а гIо дора Iумарна керланиг, пайдехь дерг юкъадалош, шех масал эца мегарг газетдешархошна довзуьйтуш, шен болх дIабахьа.
I.Ахмадовн дика болх а, иза ша а гуттар а тхуна масална хIиттавора редакцин куьйгалло. «Цуьнца дац цхьа а вуон хIума, иза дика белхахо, оьзда стаг ву», – олура куьйгалхоша. Ван а вара Iумар чIогIа оьзда, гIиллакхе стаг. Юххерчарна а, гергарчарна а бан хьехам, эшначунна дан гIо-накъосталла дара цуьнан. Иза гуттар а нахана юккъехь, доттагIашца, накъосташца цхьаьна вара. Дуккха а бара цуьнан доттагIий. Уьш а бара, Iумар санна, цуьнан гIиллакхца, оьздангаллица богIуш. Ша лелош долу гергарло даггара леладора, ларамаза цхьаьнгара цатам хилча, иза дIа ца тоттура, тесна ца вуьтура. Хоуьйтура ша лелош долу гергарло гуттаренна а хилар. Цундела иза гуонаха болчара а, шен гергарчара а къаьсттина сий деш а, лоруш а вара.
Iумар шен гIуллакхашца, гIиллакхашца оьзда хилла ца Iаш, вуьззина къонах а вара. Дагахь а доцуш, цхьа зиэр тIехIоьттича, ша вухург цахилар, стогалла гойтура.
Миччанхьа хилча а, дика накъост вара Iумар. Цуьнца доттагIалла, гергарло лело а дара атта а, сийлахь а. Иштта оьзда Iамийнера цо шен доьзал а. Iумар ша санна, цуьнан амалехь гIиллакхе стаг яра цуьнан зуда Тамара а. Радиохь дуккха а шерашкахь болх бира Iумаран хIусамнанас. Шен цIийндена муьтIахь а, бер санна, иза оьзда ларвеш а, Iалашвеш а яра.
Шен юрт, цигара адамаш дика девзара Iумарна. Уьш дукха а дезара цунна. МартантIерчу цIеяхханчу адамех лаьцна дуккха а хаза хIуманаш дуьйцура цо тхуна. Оха, боккха тидам тIебохуьйтий, ладоьгIура оцу дийцаршка. Оцу дийцарех говза пайдаийцира Iумара тIаьхьа ша язйинчу кхоллараллин дуккха а произведенешкахь.
Шен дешаран барамца а, республикехь долчу юкъараллин-политически хьолах кхетарца а хIетахь редакцехь уггаре а тоьллачу белхахойх цхьаъ вара I.Ахмадов. И бахьана долуш дIадаханчу бIешеран дезткъалгIачу шерашкахь КПСС-н обкоме дIавигира Iумар. Цигахь пропагандин, агитацин отделан зорбанан декъан инструктор хилла болх бира цо. Цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн радион коьртачу редакторан балха хьажийра иза. Дезткъе уьтталгIачу шерашкахь пенсе вахара. Амма зорбанца йолу шен зIе ша валлалц ца хадийра Iумара. Цо белхаш бира «Даймехкан гIаролхо» а, кхечу а газеташкахь. Цуьнан дийцарш, статьяш, очеркаш, корреспонденцеш арайийлира республикин газеташкахь а, Хьалха-МартантIерчу районан «Маршо» газетехь а, «Орга» журналехь а, радиохь а, телевиденехь а.
Iумаран йоккха библиотека а яра. Доккхах долчу декъана уьш дозанал арахьарчу а, оьрсийн а классикийн произведенеш яра. Цуьнан иштта яра ширачу заманан грекийн а, риман а литература а. Дуккха а книгаш яра нохчийн яздархойн а. Цо къаьсттина маьIне лорура шен юьртахочун Бадуев СаьIидан, Мамакаев Мохьмадан, Музаев Нурдин, Арсанов СаьIидбейн, Ошаев Халидан произведенеш.
Газете балха веана дукха хан ялале шен кхоллараллин ницкъ зиэн волавелира Iумар. Газетехь а, ткъа тIаьхьо «Орга» журналехь а кест-кест арайийла юьйлаелира къинхьегаман хьалхелелорхойх, мехкадаьтта даккхаран, цунах гIуллакх даран, гIишлошъяран, юьртабахаман производствон цIеяхханчу нахах, бевзаш болчу юьртахойх лаьцна йолу цуьнан очеркаш, зарисовкаш, дийцарш, кхечу жанрашкахь йолу цуьнан произведенеш.
Тайп-тайпана, шуьйра яра цуьнан кхоллараллин тематика. Цо яздора баккхийчарна санна, иштта берашна а. Арахийцира «Къонахалла», «Халкъан забаре дийцарш» цIе йолу гуларш, «Ямартло» повесть, «Ден весет» роман, дуккха а кхиерш а.
Iумара къаьсттина йоккха хазна юкъайиллира нохчийн драматурги кхиорна. Цо язйина дуккха а пьесаш тIехь спектаклаш хIиттийра республикин Х.Нурадиловн цIарах йолчу нохчийн а, М.Лермонтовн цIарах йолчу оьрсийн а театрашкахь. Хьовсархоша къаьсттина езаш тIеоьцура цуьнан «Хьоме нус», «КIотарара Деца», «Бехк боцу бехкениг», «Ца ваьлла хилла шайх», кхиерш. Уьш нохчийн мотт, гIиллакхаш, Iадаташ кIорггера довзарца, дахарера схьаэцна, хьовсархошна дагах кхеташ, дахаран ойла йойтуш яра. Цара Iамавора, нисвора.
I.Ахмадовн пьесаш тIехь хIиттийна спектаклаш вайн республикехь гайтина ца Iаш, Советски Союзан кхечу яккхийчу гIаланашкахь а гойтура. М.Ю.Лермонтовн цIарах йолчу оьрсийн драматически театро хIоттийна «Хьоме нус» спектакль гайтира Москва, Ленинград, Киев, Минск, Харьков, Иваново, кхечу а гIаланашкахь. Иза массанхьа а хьовсархоша чIогIа езаш тIе а оьцура.
Iумаран пьесаш тIехь спектаклаш хIиттийра иштта Нохч-ГIалгIайн телевиденехь а, радиохь а. Уьш даггара езаш тIеоьцура телехьовсархоша а, радиоладогIархоша а.
ТIамо шениг йохорна нехан хIусамехь вехаш вара Iумар тIаьххьарчу шерашкахь. Дахаран-Iеран хьелаш чIогIа ледара дара, кхачаме яцара материальни таронаш а. Амма оцу халонашна хьалха къарвелла, юха ца велира Iумар – цо ца сацийра шен яздаран болх.
Оцу хенахь цо язйина очеркаш, зарисовкаш зорбатуьйхира «Даймехкан гIаролхо», «Васт», «Маршо» газеташкахь.
«Гоьбевлла болу мартанхой» – иштта юкъара цIе йолуш яра и очеркаш. Иштта яздира тIамах лаьцна дийцарш. Шена тIе тидам бохуьйтуш ду «Воккха дада» аьлла, бомба иккхина, лазийначу йоIах лаьцна яздина дийцар. Iумара иштта язбира шеца цхьаьна болх беш а, шена юххера бевзаш а хиллачу яздархойх, журналистех лаьцна болу дагалецамаш.
ТIейогIучу ханна яккхий планаш йолуш вара Iумар. Цо язйина, чекхъяьккхира гендарганойн цхьана гарах лаьцна йолу исторически книга. Амма иза зорбатоьхна ган доьгIна ца хиллера Iумарна.
2003-чу шарахь кхелхира иза.
Нохчийн литературехь, культурехь йоккха лар йитина I.Ахмадовс. Цуьнан произведенеш дахаран нийса некъ гойтуш, вайн халкъан гIиллакхца а, амалшца а догIуш доцург бехкедеш яра. Иза ша а ма-хиллара, нийсо, оьздангалла, гIиллакх, диканиг хьоьхуш яра уьш.
С.МАГОМАЕВ
№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо
