
Хьехархойн денна лерина даздарш дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу Омаев Дагунан цIарахчу даздарийн цIийнехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана. Оцу хьокъехь цо хаам бина шен телеграмерчу агIонехь.
«Суна чIогIа хазахийтира хьехархочун денна лерина кечйина бIаьрла программа. Даздарийн цIийнан холлехь йукъарчу а, кхитIе а долчу а дешаран республикин «Квант» комплексерчу къоначу техникаша шаьш шайн куьйгашца йина мини-дронаш а, кхийолу мехала робототехника а гайтира. Вайн дешархоша йина дуккха а кхин хIуманаш а йара цигахь», – йаздина Р.Кадыровс.
Шен къамелехь Нохчийн Республикин Мехк-Дас дагадаийтира вайн хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин: «Хьехархочо кхуллуш ду къам» боху дешнаш. Массо ханна а мехала ду и дешнаш. Ахьмад-Хьаьжас даима а билгалдоккхура кIорггера хаарш долу кегийрхой ца хилча цхьа а йукъаралла кхиаме хирг цахилар. Цундела цо коьрта тидам тIебохуьйтура республикера дешаран дакъа когахIотторна. Оцу хенахь Нохчийчохь 15 эзар хьехархо а вацара.
«Тахана, Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочуш а деш, вай баккхий кхиамаш баьхна дешаран декъехь. Йукъарадешаран 534 хьукматехь доьшуш 300 эзар сов бер ду, царна хьоьхуш 30 эзар сов хьехархо ву. Вай йукъара дIадаьккхина кхаа рожехь дешар. ДIахьош ду керла школаш, колледжаш, вузаш йар. ХIара шо чекхдалале кхузаманан кхин бархI хьукмат йина йалийта ойла йу», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Хьехархочун денна лерина даздарш дIахьочу хенахь вайн регионан Мехк-Дас совгIаташ дира шайн балхахь билгалбевллачу говзанчашна. Иштта, Нохчийн Республикин лаккхара совгIат – Кадыровн орден йелира Нохчийчоьнан дешаран а, Iилманан а министран заместительна Усманов Ахьмадна а, Ахьмад-Йуьртарчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу №1 йолчу йуккъерчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочунна Алханова Рямизина а. «Нохчийн Республикин халкъан йаздархо» сийлаллин цIе йелира оццу школин директорна Садулаева Заретана.
Цул сов, «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» сийлаллин цIераш а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Баркаллин кехаташ а делира шайн балхахь билгалбевллачу хьехархошна.