Муьлххачу газете язвалар я цаязвалар стеган шен гIуллакх ду. Зорбанан хаамийн гIирсаша адамийн дахарехь дIалоцу меттиг а хийцаелла вайн заманахь. Т1аьххьара керланиг довза бен газет оьшуш дацахь, дуьненан муьлххачу маьIIехь хилла керланиг-м интернетан а, телевиденин а гIоьнца дукха сиха схьакхочу вайна. Делахь а, хьалхе ду газеташна «упханан тхов» кечбан гIертар, цара хIинца а доккха маьIна леладо юкъараллин дог-ойланна тIеIаткъам барехь. Ларамаза дац электронни хаамийн гIирсаш уггаре чIогIа кхиъначу пачхьалкхашкахь а миллион тиражаш йолуш газеташ хилар. Дуьненан долчун-м шен да вара, вайн сагатдийриг «Даймохк» газет ду – нохчийн маттахь долу нохчийн газет. ХIокху дерриге а дуьненахь нохчийн маттахь и цхьаъ бен дан а дац я хир ала меттиг а яц. Вайна халахетахь а, хазахетахь а иштта ду-кха иза. Я и цхьаъ а оьшу аьлла ма ца хета. Оьшуш хилча, яздийр дацара иза? Карарчу 2013-чу шарна газете язбеллачийн барам эзарне ца кхочу. Цхьа миллион кхо бIе эзар гергга стаг вехачу Нохчийчохь нохчийн маттахь долчу газете язвелларг эзар стаг вац бохург, тхуна-м ойла ян хIума хета. ХIун ду те цуьнан бахьана? Газетан чулацам я полиграфин агIо ца тов те дешархочунна? Пачхьалкхан газет хиларе терра, республикин Iедалан болх бовзийта а, Нохчийчоьнан куьйгаллин дIадолорийн гIолаца а гIерта газет. И иштта хила а догIу. Амма «Даймохк» газетан мехалалла иза нохчийн маттахь хиларехь ю. Цуьнан коьрта Iалашо нохчийн йозанан мотт кхиор, и ларбар, баржор ю. Нохчийн маттахь газет доьшуш, киншка йоьшуш ца хилча, ларлур буй вайга вешан мотт? Цунна а яздан дезара «Даймохк». Кегийрхой ийманехь, гIиллакхе кхиорехь хьехархошна гIо хиларе дог дохуш, оха сих-сиха яздо бусалба динах, нохчийн гIиллакхех, нохчийн маттах лаьцна. И материалаш кегийрхошка а, хьехархошка а дIакхочуш цахиларх билггал дагахьбаллам а хуьлу тхуна. Наггахь яздархо ца висина шен юбилейна лерина газето дийнна агIо ца луш. Кхоллараллица болх бан луучунна нохчийн меттан, литературин хьехархочунна кийчча гайтаман гIирс ма бу иза. Амма дукха хьехархой бац царех пайдаоьцуш а. Новкъа ду иза а. Газете хIунда ца язло шу аьлча, цхьаболчу хьехархоша, ярташкарчу бахархоша почта бехке йо. Иштта хила а тарло иза, амма газете язваларан хьокъехь квитанци гайта аьлча, схьагайта и ца хуьлу.
Оха юьххьехь ма-аллара, газете язвалар муьлххачу а стеган шен лаамехь хила деза. Бакъду, ша нохчи ву, нохчийн мотт шен ненан мотт бу бохучу стагехь, нохчийн маттахь долу газет ша ца яздича, кхин хьан яздийр ду боху ойла хила езара олий, дага-м догIу. Вуьшта, пачхьалкхан газет школашкахь, библиотекашкахь, пачхьалкхан ерриге а учрежденешкахь, ведомствошкахь хила дезарх-м шеко яц тхан.
«Даймохк» газет тахана цуьнан редакцехь балхахь волчу ткъех стеган дац, нохчийн къоман ду. Ткъа къам хьох а, сох а, вайх лаьтташ ма ду. Делахь-хIета, вешан къоман долчун дола де вай.
Оха кхойкху хьоьга «Даймохк» газете язваларе, цуьнца ахь гойтур ду айхьа хьайн ненан меттан пусар деш хилар.
2014-чу шеран хьалхарчу эхашарна газете язвала йисинарг дукха хан яц, цундела луур дар-кха районийн администрацин учрежденийн, организацийн куьйгалхоша оцу гІуллакхан само йойла.
Редакци
11 г1алат даккхал, йоккха статья-м яцар шун иза
Ислам, хьайна гучудаьлла 11 г1алат ахь билгалдаьккхича дика хир дара.