Кадырова Хадижас а, Дааев Хож-Баудис а дийцаре дина дешаран дакъа кхиоран гӀуллакхаш

Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела — Нохчийчоьнан министра Кадырова Хадижас цхьаьнакхетар дӀадаьхьна НР-н дешаран а, Ӏилманан а министраца Дааев Хож-Баудица. Цигахь дийцаре дина регионан дешаран декъехь долу мехала гӀуллакхаш.

Цхьаьнакхетарехь леррина тидам тӀебахийтина кӀоштийн дешаран урхаллийн а, йукъарчу дешаран хьукматийн а куьйгалхошна йукъахь дӀайаьхьначу аттестацина. Цара билгал ма-даккхара аттестаци дӀайахьаро белхан дика а, иштта тӀехь къахьега деза а агӀонаш гучуйаьхна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: