
Толамхой билгалбахар дӀадаьхьира Москвахь дӀайаьхьначу «Къоман могашалла Ӏалашйар — 2024» конгрессан гурашкахь. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу республикин клинически больницин оториноларингологин отделенин куьйгалхочо Абдулхаджиева Ламарас «Тоьлла оториноларинголог» декъехь хьалхара меттиг йаьккхина.
Конгрессехь дакъалоцуш волчу Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министра Алханов Адама декъалйира Ламара.
Билгалдаккха догӀу, хӀокху шарахь Йерригроссин «Тоьлла лор» къовсамехь дакъалоцуш Россин Федерацин 77 субъектера 2 эзар сов декъашхо хилла хилар.