
Нохчийн къоман историн а, историн хӀолламийн а, архитектурин а, культурин тӀаьхьалонийн а шарна лерина Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела — НР-н министра Кадырова Хадижас дӀакхайкхийначу «Къоман тӀаьхьало» къовсаман жамӀаш дина Соьлжа-ГӀалахь.
Къовсамехь дакъалоцуш Нохчийчоьнан историн меттигийн тоьллачу суьртийн а, видеокийсакийн а авторш бара.
«Грозный» НПТРК-хь дӀайаьхьначу мероприятехь хилира НР-н Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель — НР-н Кадырова Хадижа а, Мехк-Ден гӀоьнча, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а, НР-н культурин министр Ибрагимов Ӏийса а.
Къовсаман «Нохчийн Республикин историн мехалчу меттигийн а, хӀолламийн а тоьлла сурт» декъан жамӀаш:
1-ра меттиг — Асуев Мусалин;
2-гӀа меттиг — Эпиев Шемиль;
3-гӀа меттиг — Дадагов Ваха.
Къовсаман «Нохчийн Республикин историн мехалчу меттигийн а, хӀолламийн а тоьлла видеокийсак» декъан жамӀаш:
1-ра меттиг — Ахматов Аслан;
2-гӀа меттиг — Масаев Ӏумар;
3-гӀа меттиг — Сугаипов Имам.
Толамхошна 100 эзар соьма тӀера 300 эзар соьме кхаччалц ахчанаш а, дипломаш а делира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондера.