
Хьешашна йукъахь уггаре а гӀарабаьллачех бу Къоьзана-Ӏам — берриге а схьабогӀучарех цигахь садаьӀна 42 процент туристаша. Цу кепара терахь даладо МегаФонан талламо.
Оханан-эсаран беттанийн муьрехь, дӀадаханчу шеран оццу муьрца дуьстича 60 процент тӀекхетта вай махка богӀучу туристийн тоба. Йуха а дукха нах эхарца хьалхарчу меттехь нисйели Къоьзан-Ӏам Ӏаламан комплекс, кхуза 17 процент дукха баьхкина туристаш. Курортехь тайп-тайпаналла хиларх доьзна ду иза.
Иштта гӀарайаларца шолгӀачу могӀарехь йу Эна-Хишка гӀала. 2023-чу шарахьчул 10 процент дукха туристаш баьхкина бальнеологин курорте. Меттигерчу санаторешкахь дарбадина ца Ӏаш, иштта ширчу Эна-Хишкан гӀалахула дуьйладаларш а дӀахьо цара.
Хьеший тӀекхетарехь кхолгӀачу меттехь йу «Ведучи» курорт. Массо а заманан комплексо 9 процент сов тӀеберзийна богӀурш.