
Омаев Дагунан цӀарахчу даздарийн цӀийнехь Чоьхьарчу гӀуллакхийн органийн белхахочун денна лерина даздарш дӀадаьхьна. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана телеграммерчу шен агӀонехь.
«Даздарийн коьрта дакъа дӀадоладалале полицин белхахойн хьашташна лерина транспорт дӀайелира ас Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министре Ирасханов Аслане. Уьш йу тайп-тайпанчу моделийн 50 машен», — йаздина Кадыров Рамзана.
Мероприяти дӀахьош Нохчийчоьнан Мехк-Дас Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран цӀарах декъалбира бакъонаш ларйаран органийн белхахой.
Циггахь Нохчийчоьнан Мехк-Дас Россин Федерацин Президента Путин Владимира шен указца делла долу совгӀаташ дӀаделира. Полковникана Ганшаев ИсмаьӀална Майраллин орден а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу полицин лерринчу полкан командирана Чалаев Замидана «Майраллина» мидал а, полицин майорана Альдебиров Сулейманна «Йукъараллин къепе ларйарехь билгалваларна» мидал а дӀайелира.
Цул сов, капитанна Висмурадов АбутӀахӀирна а, полковникана Ирасханов Ӏийсана а, подполковникана Ахмадов Майрбекана а, лахарчу сержантана Батаев Мохьмадана а, хьалха полицехь болх бинчу Гериханов Ясинна а, Ибрагимов Ӏийсанна а, Битаев Сайд-Ӏалина а Нохчийн Республикин лаккхара совгӀат — Кадыровн орден йелла. Иштта кхидолу пачхьалкхан совгӀаташ а дира полицин белхахошна.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондан Президентан Кадырова Айманин сацамца, белхан декхарш кхочуш деш чевнаш хиллачу чоьхьарчу гӀуллакхийн органийн 63 ветеранана хӀоранна а 500 эзар сом ахчанаш делла.