Мархийн баттана лерина гайтам

ДIадаханчу мукъачу деношкахь Соьлжа-ГIалахь ООО «Кавказ–Экспо» гайтаман компанис Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствон а, Нохчийчоьнан юьртан бахаман министерствон а, Соьлжа-ГIалин мэрин а, Нохчийн Республикин махлелоран-промышленностан палатин а, жимачу бизнесан ассоциацин а гIоьнца вовшахтоьхна болу «КавказХалялЭкспо» дуьненаюкъара хьаналчу сурсатийн гайтам дIабаьхьира.

IMG_2089

Гайтамехь тайп-тайпана хьаналчу кхачанан сурсаташ а, бусалба нехан духарш а, кхийолу хIуманаш а яра. Республикерчу 15 предприятис шайн тоьлла сурсаташ довзийтира цигахь. Иштта дуьненаюкъарчу гайтамехь дакъалецира Москварчу а, ГIезалойчуьрчу  а, Ставрополерчу а, Краснодарерчу а, ГIалгIайчуьрчу а тоьллачу 8 компанис.

Нохчийн Республикин махлелоран-промышленностан палатин вице-президента Баудинов Iийсас дийцарехь гайтаман-ярмаркин коьрта Iалашо яра безачу мархийн баттахь республикерчу бахархошна мелла а дораха сурсаташ хилийтар.

– ХIокху гайтамехь дакъалоцуш тайп-тайпана компанеш ю. Гулделла долчу адамо а гойту кхуьнан мехалла. Муьлххачун а аьтто бу, механа деза а доцуш, тоьлла сурсаташ эца, – бохура цо.

«ASFOUR CRYSTAL» компанис шатайпа продукци еанера ярмарке.

– Тхан компани Россин кхаа гIалахь болх беш ю – Москвахь, Санкт-Петербургехь, Назранехь. Оха тахана кхуза еана хрустальни люстраш, тайп-тайпана сувенираш. Хазахета тхан продукцига адам лерина хьоьжуш хиларна. Тхо тешна ду Нохчийчохь а алссам клиенташ тхан компанин хирг хиларх, – бохура «ASFOUR CRYSTAL» компанин генеральни директоран заместитела Оздоев Микаила.

Гайтаман гурашкахь дIаяьхьира «Молю о жизни» гIо даран акци. И лерина яра онкологин цамгар йолчу нахана гIо дарна.

Р.АБДУЛМУСЛИМОВ 

Авторан сурт

№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: