Кадыров Рамзана Ненан денца декъалйина шен нана Кадырова Аймани а, Россин а, Нохчийчоьнан а берриге наной а

«Тахана Россехь уггаре а довха а, сирла а дезде ду — Ненан де. ХӀокху мехалчу денца ас даггара декъалйо сайн хьоме НАНА Несин Аймани а, Россин а, Нохчийн Республикин а берриге наной а», — йаздина Кадыров Рамзана социальни зӀенерчу шен агӀонехь.

Цо къаьсттина тидам тӀебахийтира нохчийн наношна.

«Къаьсстина билгалбаха лаьа Даймахкана хьалха шайн декхарш кхочуш деш болу майра, доналла долу кӀентий кхиийна нохчийн наной. Царна дахар делла ца Ӏа уьш, тӀехӀиттинчу халонех чекхбийла ницкъ белла цара», — аьлла цо.

Нохчийчохь терроризмана дуьхьало йечу хенахь Несин Айманис шайна сагатдар а дагалецира Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

«Ас цкъа а диц дийр дац, НР-хь дуьненайукъарчу терроризмаца къийсам дӀахьочу хенахь Несин Аймани наб ца йеш, рогӀерчу лерринчу операцера йухадогӀу тхо лар деш, тхуна доӀанаш деш Ӏар. Иза чӀогӀа хала хан йара. Сан хьоме ДА Ахьмад-Хьаьжа а, ваша Зеламха а бакъдуьнена верзаро чӀогӀа ницкъ бира цунна. Делахь а, оцу халонех чекхйала а, Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу гӀоьналлин организаци кхолла а ницкъ карийра цунна. Ткъа хӀинца, дуккха а шераш ду Несин Айманис куьйгалла а деш Фондо дуккха а болчу нахана гӀо до»— аьлла Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: