
Чекхдолучу шеран уггаре а сатийсина хилам!
ГӀуран беттан 4-чу дийнахь Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дуьххьалдӀа эфир хир йу.
Цуьнан гурашкахь Нохчийчоьнан Мехк-Дас жоьпаш лур ду журналистийн а, бахархойн а хаттаршна.
Шун аьтто бу шайн хаттар хӀокху лоьмарца 8 (995) 800-01-11 тайп-тайпанчу мессенджершкахула схьадаийта.
ДуьххьалдӀа эфир гойтур йу НР-н Мехк-Ден социальни зӀенашкарчу агӀонашкахь а, «Грозный» НПТРК-н эфирехь а, регионан шуьйрачу хаамийн гӀирсийн социальни зӀенашкарчу агӀонашкахь а.
Украинера леррина операци, Йуххера Малхбале, чоьхьара а, арахьара а политика, республика кхиаран тӀаьхьалуонаш, бахархойн хьашташ кхочушдар — уьш а, кхидолу гӀуллакхаш а хир ду Нохчийн Республикин Мехк-Дас дакъалоцучу дуьххьалдӀачу эфирехь!
Ларйе эфир!