Декъалдаран дош

Djambulat_Umarov

1969-чу шеран 15-чу июлехь Вахьидан доьзалехь кхаьънаш дохура: «Вайга хьаша веана! Вайга кIант веана! Дала шен дена-нанна, халкъана, махкана муьтIахь кIант, беркате доьзалхо войла цунах!», – бохуш. Везачу АллахIа оцу доIина жоп делира. Оцу кIантах беркате доьзалхо, халкъана а, махкана а муьтIахь воI кхиира. Вай вуьйцуш верг вайн республикехь а, цул генна арахьа а вевзаш волу Умаров Джамбулат ву. Тахана Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр ву иза. Оцу дарже хIоттале хьалха а тайп-тайпанчу жоьпаллечу даржашкахь болх бина  а ву иза. Муьлхха а декхар кхочушдарехь цо дIагайтина ша мехкан бакъволу патриот,  Кадыров Ахьмад-Хьаьжас юьхьарлаьцначу некъана тешаме хилар. Кхечу кепара хуьлийла а дацара. ХIунда аьлча Ахьмад-Хьаьжин пурбанца, цуьнан хьехамашца ма вахара Джамбулат Iаьрбийн мехкашка деша. Цунах дозалла дан хьакъ а ду.

Селхана вина де билгалдаьккхира Вахьидан Джамбулата. Оха даггара декъалво иза шен 46 шо кхачарца. Лаьа халкъан а, мехкан а дуьхьа къахьега ондда могашалла, хьекъал, хьикмат, хьуьнар, доьналла, дуккха а шерашкахь лаьттийла. Ирсе, маьрша, токхе, зовкхе хуьлда хьан а, хьан доьзалан а, гергарчеран а, бевза-безачеран а дахар. Цкъа а къан ма лойла хьо. Хьо къарлург цахилар хьан амалехь хааделла тхуна.

 

Боккхачу ларамца,

«Даймохк» газетан редакцин белхахой

№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: