
«Парус» даздарийн цӀийнехь дӀадаьхьна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана лерина йолчу Журналистийн дуьненайукъара «Дашо пелаг» XI-чу премин толамхошна совгӀаташ далар. Цу хьокъехь шен телеграммерчу агӀонехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
«Ас даггара маршалла хаьттира 20 пачхьалкхера баьхкинчу хьешашка а, премин дакъалацархошка а. ХӀокху шарахь шайна йукъахь кхечу мехкашкара 50 а болуш, 500 гергга болх бара къовсаме баийтина. Суна хазахета «Дашо пелаг» хӀора а шарахь дуьненахь а кхуьуш схьайогӀуш хилар. Цо вайна аьтто ло Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ мелла а шуьйра бовзийта», — аьлла Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгал ма-даккхара Дуьненайукъара «Дашо пелаг» премин Гран-при «Россия» ВГТРК-н тӀеман корреспондента Сладков Александра йаьккхина. Иштта билгалбехира «Телевидени», «Радио», «Зорба а, интернет-изданеш а», «Фотографи», «Блогосфера» дакъошкахь толамаш баьхнарш а.
Мероприятин гурашкахь пачхьалкхан лаккхара совгӀаташ делира балха тӀехь билгалбевллачу журналисташа.
«Ас Нохчийн Республикин Мехк-Ден Баркаллин кехаташ а, кхидолу совгӀаташ а делира журналисташна. Сладков Александрана а, «Донецк» ПТРК-н директорна Руденко Андрейна а «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» сийлахь цӀераш йелира», — йаздина Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас даггара баркалла элира Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчина, НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министрана Дудаев Ахьмадана а, кечамаш беш къахьегначарьна а, премин жюрина а.