Кадыров Рамзана жамӀаш даран кхеташо дӀайаьхьна Соьлжа-ГӀалахь

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана 2024-чу шеран жамӀаш даран кхеташо дӀайаьхьна. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

Чекхдолучу шарахь баьхначу кхиамех лаьцна дуьйцуш доклад йира Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Даудов Мохьмада.

«Халонашка хьаьжна ца Ӏаш, 2024-гӀа шо кхиамашца чекхдолуш ду.  3 процентана лакхадаьлла йуьртан бахаман сурсаташ арахецар, ткъа сурсаташ дохкар-эцар 6,4 процентана. Алапа 11 процентана лакхадаьлла, цуьнан йукъара барам 40580 сом бу. 12 эзар сов белхан меттиг а кхоьллина», — йаздина Кадыров Рамзана.

Нохчийчохь кхочушйеш пачхьалкхан 20 программа а, 80 регионан проект а йу. ГӀуран беттан 23-чу денна кассан кхочушдар 94,8% йу. ТӀехкхочушйина налогийн а, налогийн йоцу а са йаккхаран план. 3 млрд соьмана алсамйаьлла иза.

«ТӀехдикачу гайтамашца дӀадерзош ду вай хӀара шо. Аьтто баьлла 5% белхазалла лахйан а, 2 млн 300 эзар кв.м. хӀусамаш йан а. Къоман проекташ кхочушйарехь ледершлахь ду вай. Россин Федерацин Президента Путин Владимира Соьлжа-ГӀала Россин кхузаманан Ӏаламат ду аьлла, лаккхара мах хадийна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командин белхан», — аьлла Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

Кадыров Рамзана билгалбаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо дӀахьош болу болх а. Цо хаам ма-барра 207 доьзалан хӀусамийн хьелаш тодина, 939 млн соьмана 105 эзар стагана гӀо дина. 30 сов социальни объект йина, тойина. ТӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу бӀаьхошна а, керлачу регионашкарчу бахархошна а гӀо дар а ду жигара дӀахьош. Карарчу хенахь цига дахьийтина гуманитарни гӀо 26 эзар тонн ду.

Кхеташо йерзош Кадыров Рамзана балха тӀехь билгалбевллачу Ахьмад-Хьаьжин командин декъашхошна пачхьалкхан совгӀаташ дира.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: