Къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе, махкана а, халкъана а муьтIахь кхетош-кхиоран болх цхьана а дийнахь лах ца беш, лаккхарчу жоьпаллица дIахьош бу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан куьйгалхоша а, говзанчаша а. Цунна тоьшалла лара мегар ду масех де хьалха цигахь дIаяьхьна кхеташо. Иза дIаяхьа вовшахкхеттера лерринчу белхан тобанан декъашхой. Цигахь дакъалоцуш бара иштта пачхьалкхан а, муниципальни а Iедалан органийн, динан, юкъараллин организацийн векалш.
Кхеташонехь дийцаре дира Нохчийчоьнан къона тIаьхье 2015-чу шеран кхоалгIачу кварталехь ийманехь, оьзда кхетош-кхиоран юкъара Концепци кхочушъяран планаца нийса а догIуш бан безачу белхан хьокъехь долу гIуллакхаш. Кхеташо дIахьош хиллачу департаментан директора Дадаев Ризвана билгалдаьккхира Нохчийчохь къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхетош-кхиоран юкъара Концепци кхочушъяран дикалла лакхаяккха езаш хилар, оцу декъехь меттигашкахь болх беш болчу говзанчийн жоьпалла кхин а лакхадаккха дезаш хилар. Цо дийцарехь, оцу Концепцин хIора а пункт кхочушъярна къаьсттинчу жоьпаллица тIеваха веза тIекхуьу къона тIаьхье кхетош-кхиорца гIуллакх догIуш мел верг.
«Къоначаьрца болх барехь вай IаIийна зеделларг долуш яц махкара цхьа а регион. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца кечйина а, тIеэцна а йолу къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхетош-кхиоран юкъара Концепци, ша саннарг кхин доцуш, башха документ ду. Кхечу регионашкахь болчарначул атта ду вайна болх бан. ХIунда аьлча оцу документа тIехь массо хIума а яздина, шен-шен метте охьадиллина ду. Цу тIехь дуьйцу хIун дан деза, хьаьнца, мичахь, муьлхачу хенахь иза я важа гIуллакх дан деза. Тидамера далийтина цхьа а хIума дац. Коьртаниг ду тIекхуьу къона тIаьхье кхетош, кхиош верг шена тIехь долчу жоьпаллех кхеташ хилар», – бохура Дадаев Ризвана.
Кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра билгалдаьккхира балхахь-гIуллакхехь боцчу кегийрхошна, доьшуш боцчу кхиазхошна тIехь къаьсттина терго латто езаш хилар. Иштта цо кхузахь вовшахкхеттачарна довзийтира кегийрхоша шега деш долу аьрзнаш а, беш болу леткъамаш а. Цара леткъамаш бо кегийрхошна садаIа, мукъа хан дIаяхьа меттигаш, спортан майданаш кIезиг ю бохуш. ГIалахь и тайпа меттигаш елахь а, ярташкахь вуно кIезиг ю, къаьсттина лаьмнашца йолчу ярташкахь. Ала дашна цигахь алсам бу бан болх боцурш а, цхьанхьа а доьшуш боцурш а.
Къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхетош-кхиоран болх кхин а тобарехьа шайна дича бакъахьа хеташ долчух лаьцна дийцира кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу кхечара а. Царна хетарг хьесапе оьцур ду департаменто ша кхидIа бечу балхахь. Цунах лаьцна дийцира департаментан куьйгалло. Оцу мехалчу гIуллакха тIехь юьхькIоме болчу кхиамашка а, жамIашка а кхачархьама ерриге а юкъаралло жигара дакъалаца деза юкъара Концепци кхочушъярехь. Оцу ойланехь бара хIокху кхеташонан дакъалацархой а.
С.ХАСАНОВ
№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо