
Тахана билгалдоккхуш ду Нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахӀотторан де.
1957-чу шеран кхолламан (январь) 9-чохь СССР-н Лаккхарчу Советан Президиумо тӀеэцна Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь долу Указ.
Цуьнца а догӀуш, 1944-чу шарахь, шайн махкара а, махках а баьхна, Казахстане а, Йуккъерчу Азе а хьовсийначу нохчийн а, гӀалгӀайн а халкъийн векалшна Даймахка йухаберза бакъо йелла.
2010-чу шарахь дуьйна, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан Указца а догIуш, «Нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIотторан де» санна билгалдоккхуш ду таханлера де.