2024-чу шарахь 400 эзар сов турист веана Нохчийчу

2024-чу шарахь Россин тайп-тайпанчу регионашкара а, кхечу пачхьалкхашкара а 400 эзар сов турист веана Нохчийн Республике. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин туризман министерствос.

Гуттар а санна уггаре а дукха туристаш Соьлжа-ГӀаларчу меттигашкахь хилла. Хьешашна чӀогӀа хазахетачарна йукъахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах долу «Нохчийчоьнан дог» маьждиг а, «Грозный-Сити» комплексан цхьана стигала къоьвдина гӀишло тӀера хьажаран майда а, Архангел Михаилан килс а йу.

«Иштта, даханчу шарахь хьешашна чӀогӀа тайна «Ведучи» комплекс а, «Къоьзан-Ӏам» спортан-туризман комплекс а», — хаам бина министерствехь.

Цигахь билгал ма-даккхара Нохчийчу богӀучу туристийн терахь денна лакхадолуш ду.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: