Лулахой болчохь

Керла амбулатори

 

Несаре. Ширачу цIенойн чоьнашкахь дIатаръелла ю тахана 22 эзар гергга волчу вахархочун дарба лелорца доьзна долу хьашташ кхочушдеш йолу Экажево юьртара амбулатори. Уьш хьакъ ма-дду кхочушдан цхьа а тайпа бегIийлаш яц цу чохь. Иза дерриге а хьесапе а эцна, цунна лерина хьалха «Экажевский» бахаман контора хилла гIишло кечъян йолийна меттигерчу Iедалша.

Амбулаторина кечъеш йолчу гIишло чохь билгалйина итт маьнгина лерина йолу дийнан стационар, кертахь кхитIе йийр ю рентген кабинетан чоь. Лоьраша шайна яздина молханаш эца гена баха дезар дац дархойн – кхуззахь церан хьашташ кхочушдеш хир ю аптека а.

Кестта керлачу чоьнашка дIакхелхар ю юьртара дарбалелоран учреждени. Республикин могашалла Iалашъяран министра Арапханова Марема чIагIдарехь, цо керлачу тIегIане даккха таро хуьлуьйтур ю бахархошна юкъахь тайп-тайпанчу цамгаршна дуьхьал профилактика яр, толур ду санитарно-гигиенин декъехь кхеторан болх жигарабаккхар.

 

 

Электричкаш лелар меттахIоттийна

 

Майкоп. ХIокху деношкахь, аьлча а, 21-чу июлехь дуьйна меттахIоттош ду Майкоп–Адлер–Майкоп маршрутехула лелаш хилла «Ласточка» электричка лелар. Иштта сацам тIеэцна Къилбаседа Кавказан цIерпоштнекъийн урхаллехь. Оцу маршрутехула уьш ца лелаш дIабаханчу шина батто гайтира иза меттахIотто езаш хилар. ХIунда аьлча адамашна езаелла а, уьш алссам дIасалелаш а маршрут иза хиларна.

Электропоездан таро ю 400 стаг дIасавига. Майкопера Адлере кхаччалц некъ беш йойъуш ерг  пхи сахьт гергга хан бен яц.

 

Эшарийн фестиваль-конкурс

 

Махачкала. ХIара бутт чекхболуш Дагестанехь  гIазгIумкийн  эшарийн «Лезги-2015» аьлла йолу фестиваль-конкурс дIахьур ю. Цигахь дакъалаца таро елла 16 шарера 40 шаре кхачалц хан йолуш волчу лаам болчунна хIоранна а. Ткъа коьрта Iалашо – кегийрхойн кхолларалла кхиор.

Республикин маьIна долуш йолу фестиваль  дIаяхьа билгалдина кхузаманахьлерчу хьелашкахь  гIазгIумкийн халкъан культура, эшаран кхолларалла йовзийтаран Iалашонца. Цунна лерина къастийна Ахтынски районехь Луткун юьртара кегийрхойн «Самур» комплекс.

Фестиваль вовшахтуху Дагестанан хьакъ волчу хьехархочун Абдулкеримов Махьмудан цIарахчу «Просвещение» фондо. Тоьллачарна совгIаташ дарна билгалдина 300 эзар сом  ахча.

 

 

Хан юханехьа луьсту

 

Черкесск. Адамаш уггаре алсам дIасалелачу меттехь Сийлахьчу Толаман 70 шо кхача бухайисина хан билгалъяккха кху шеран 23-чу февралехь хIоттийна хилла  сахьт тахана хан юханехьа листа доладелла гIалин 190 шо кхача йисинарг мел ю гойтуш. Бакъду, хIинца шен сибат хийцина сахьто.

 

Нагахь хьалха иза георгиевски лентица хаздина хиллехь, хIинца цу тIехь гIалин герб а, цуьнан гимнан цхьа дакъа а ду. Иза дина Черкесск гIалин мэран Тембиев Русланан тIедилларца.

Кху шеран 7-чу сентябрехь билгалйоккхур ю гIалин юбилей. Иза шуьйра билгалъяккха лерина гIалин тайп-тайпанчу меттигашкахь даздарш дIадахьарца. Цигахь  дакъалоцуш хир бу искусствон векалш, кхоллараллин тайп-тайпана коллективаш.

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: