
Республикин дешаран дакъа кхуьуш хилар хаийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана социальни зӀенерчу шен агӀонехь.
«Дешар кхиоран декъехь баккхийра кхиамаш баьхна Нохчийн Республико. ТӀаьххьарчу шерашкахь динарг дуккха а ду, тоьлла хьелаш кхоьллина, йина керла хьукматаш», — аьлла Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира регионехь болх беш лакхарчу дешаран 4 хьукмат хилар — Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан университет, М.Д. Миллионщиковн цӀарах йолу Соьлжа-ГӀалин мехкадаьттан техникин университет, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет, М.В. Ломоносовн цӀарах йолу Москван пачхьалкхан университетан филиал.
Республикехь йеш керла школаш, берийн бошмаш, кхиолу хьукматаш а йу. Иштта леррина тидам тӀебохуьйтуш бу дешаран дакъа кхин а лакхарчу тӀегӀане даккхаран белхашна.