Iожалло Iехаво, оьций дIахьой,
Ял йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов.
Уьйрашна
вицвелча, Далла вицлой,
Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов…
М-С.Гадаев

Ткъес санна дахар доца ххиллехь а, вевзаш-везаш хиллачарна Юсупов ИбрахIим виицвелла ца хиларна къеггина тоьшалла ду Ночхийн Республикин йаздархойн союзо 2024-чу шеран чаккхенехь зорбанера арайаьккхина цуьнан башхачу байтийн гулар. Гуларан цIе йу «Iуьйренан олхазар». Ларамза дац гуларан цIе иштта хилар. Поэтан исбаьхьачу шатайпаллица лепа байташ а йу, заза хьекъош йеанчу бIаьста зевнечу аьзнашца лерса хьоьстучу олхазарийн мукъамех тера. ХIора дешархочун иэсан тIорказ синахьаамечу могIанашца дузур долуш йу Юсупов ИбрахIиман байташ. Цара дуьйцу вайна хьомечу Нохчийчоьнах, цуьнан башхачу Iаламах, ворхIе дех дисинчу оьздачу гIиллакхех, ламастех, каде уьдучу заманах.
Зама
йоьду, шен ма хуьллу хьаьдда,
Йуьхь тIе йетташ дIадаьллачун чан.
ЙогIий-кхочий сан оьмаран хьаьтта,
Хийла хадий цо сан ирсе гIан.
ХIан-хIа,
цIархазамна ас ца биъна
Замане суо къар ца вайта дуй.
Суна дукхе-дукха хьалхе хиъна
Лаьттахь иза эшош собар дуй.
Ас
цундела хьалха лоьллу маса
Новкъа волуш сайн поэзин дин,
БIаьрца маракъуьйлуш лаьмнийн аса,
ТIехьа дуьтуш сингаттамийн Iин…
Схьаваларан орамаш Веданан кIоштана йукъайогIучу Хоттанера долчу Юсупов
Мовсуран доьзалехь 1958-чу шеран лахьанан беттан 10-чу дийнахь дуьненчу ваьлла
ву ИбрахIим Казахстанан Павлодарски областан Майски кIоштарчу
Кировн цIарахчу совхозехь. 1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнахь Сталинан
хьадалчаша нохчий а, гIалгIай а къинхетамза дай баьхначу лаьттах а
хьегош, хийрачу махкахь цаьрга
луьра Iазап такхийтина зама йу иза. ИбрахIиман ши шо хан йара, цуьнан да-нана
шайн доьзалца Хоттаничу цIабоьрзуш. 1967-чу шарахь вахара кIант Хоттанерчу
йуккъерчу ишколе деша. Бераллехь дуьйна ирачу хьекъалца, сирлачу кхетамца къаьсташ
вара иза нийсархошна йукъахь. Цуьнан доза доцу хьуьнарш а, экамечу синан
шоралла а бIаьрла девлира кIанта ишколехь доьшучу муьрехь. Сутара хааршка кхийдаш а,
хаддаза исбаьхьаллин литература йоьшуш а вара ИбрахIим дукха жимчохь дуьйна.
Хьехархошна дукхавезаш а, накъосташа лоруш а жима стаг вара вайн турпалхо кхиъна
вогIуш дуьйна. Боккхачу кхиамца
Хоттанера йуккъера ишкол
чекхйаьккхира цо 1977-чу шарахь. Ишколехь
доьшуш кхоллабелира поэзи цIе йолчу исбаьхьачу дуьнене ховхаха безам а, байташ йазйар ишколан дешархо волуш дIадолийра ИбрахIима.
Хоттанерчу йуккъерчу ишколан Iамархо волуш
тесира цо Веданан кIоштарчу «Колхозан дахар» цIе йолчу газетаца
кхоллараллин гергарло. Къоначу поэтан 14 шо бен дацара «Колхозан дахар» газето
цуьнан байташ зорбане йаха йолош. Цул тIаьхьа Юсупов ИбрахIиман байташ
Республикански «Ленинан некъ» (ХIинца «Даймохк) газетан агIонаш тIехь «Орга»
альманахан агIонаш тIехь а гора.
ГIарагIулеш
– дахаран тембоцу оьргаш —
Йоьлху шу бовхачу малхана герга…
Лоьху
аш, гездохуш стигланан даре,
Шелонна зирх тийса ца лиъна аре.
Вовшашка
мохь бетташ, мархашлахь йуькъачу
Йоьлху шу. Шу-м йуьгу уггар а йоккхачо.
Эгадеш
пелагаш бераллин новкъа,
Къоналло-гIарагIулех тIам бета шовкъе
Ас
цуьнга мохь бетта: «Ма латта йуьстах,
Схьайола сан керта, сан деган йисте…»
…И
йуьтий, дIайоьду гIарагIулийн тоба,
Ткъа со-м Iа, къоналлин сатийсам кхобуш.
1977-чу шарахь Хоттанера йуккъера ишкол чекхйаьккхина ваьлла Веданан кIоштан «Колхозан дахар» газетан редакце балха хIоьттира къона поэт. КIорггерчу хааршца, сирлачу кхетамца, оьздачу гIиллакхца билгалвуьйлуш вара иза белхан накъосташна йукъахь. Бераллехь дуьйна цхьа ирс хиллера Юсупов ИбрахIиман. ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь нохчийн похIме поэташ бара Веданахь бехаш а, хьанала къахьогуш а. Уьш бара: Кибиев Мусбек, Гацаев СаьIид, Сулейманов Юсуп, Яралиев Юсуп, Ящуркаев Султан, иштта кхиберш а. Iар-вахар Соьлжа-ГIалахь хиллехь а, схьаваларан орамаш Дышни-Веданара долу нохчийн халкъан поэт Арсанукаев Шайхи а кхочура кест-кеста «Колхозан дахаран» газетан редакце. Цаьрца массаьрца уьйр-марзо, кхоллараллин доттагIала дара ИбрахIиман. Бакъду, уьш цхьа а ца хилча, дерриге дахарехь ИбрахIимана къеггина масал хилла чекхваьлла, воккхахволу ваша, нохчийн тоьллачу поэтех цхьаъ волу Юсупов Iилман вара къоначу поэтана беркате некъалар гойтуш, шен башхачу поэзица серлавуьйлуш. Цо а могийтур дацара вешина аьрга байташ зорбане йахар. Ала догIу, бераллехь дуьйна йахь боху синахаам Iаламат нуьцкъала бара вайн турпалхочуьнгахь. Хьийкъина заза хецна йогIучу нохчийн поэзин беркатечу бешахь, цунна шена луур дацара ша йазйина байташ беса ган. Цундела кхоллараллин кхиарехь хаддаза шена тIехь къахьоьгуш вара къона поэт. Мухха хиллехь а, Юсупов ИбрахIиман муьлхха байт вай схьаэцча, цуьнан хIора дашца нохчийн меттан хазала, къоман садеIар, ойланийн кIоргалла хаало. Цунна къеггина тоьшалла ду поэтан «Воккхачу стеган хьехамаш» цIе йолу байт.
Ирхенийн
халонаш ловш,
ГIел ма ло дахаран новкъахь.
КIадвалар хьайн меттаххьовш,
Йал эца хьайн деган шовкъах.
Вуонаша
лацахь а гуо,
Къар ца луш, гIорта ца эша.
Кхиамах Iеха ма луо,
Хьайх санна, адамех теша.
ДIайаккха
дагчуьра вас,
Тезета воьдуш, йа тойне.
ТIаккха бен хьо кхочур вац
Нуьречу хьайн Iалашоне.
1980-чу шарахь советийн эскаре гIуллакх дан вахара вайн похIме, къона махкахо. Сахалин гIайри тIехь лаьтташ дара Юсупов ИбрахIима бIаьхаллин атта доцу некъаш гездина советийн эскаран дакъа. Нийса хир дацара цхьа а хало йоцуш уьш чекхдевлла аьлча. Делахь а, нохчийн къоьжачу лаьмнаша кхиъначу жимчу стага, вайна массарна йуьхькIам болчу кепара, доьналлех ца вухуш дIакхийхьира уьш. БIаьхаллин некъаш мел хала хиллехь а, цхьана мIаьргонна, шена сил дукхайезачу литературина поэзина цхьа мисхал а хера ваьлла вац Юсупов ИбрахIим. Сахалин гIайри тIерачу Победино йуьртахь (эскаран дакъа лаьттина) йазйиначу байтийн Iаламат зевнечу байтийн гулар карайо вайна хьуьнаречу поэтан башхачу кхоллараллехь. Цхьана а кепара шеко йоцуш и байташ дешархойн сих хьаьрчаш, тIейогIучу массо ханна иэсехь йуьсуш, дикане адамалле, къинхетаме, къоман гIиллакхаш, ламасташ йоIбIаьрг санна лардаре кхойкхуш, дай баьхна латта деза, цуьнан башхачу Iаламах воккхаверца марзо эца Iамош йу.
Схьахезий
сайн иэсан кIоргера аз,
Ас карладоху сайн дIадахна денош.
Хиллаче, леллаче бIаьрг туху ас,
Карарчу мIаьргонийн цинцаш а Iенош.
Диц
ца ло дарцо сайн кор деттар Iай,
СтелаIад – аьхкен тIехь мархашлахь кхаьзна.
Тахана-ъ со дага туьйсуш ма Iа-й
Беттасин серлонгахь зарзарийн аьзнаш.
Тхов
тIера чуоьгу моттуьйтуш шаьш,
ЦIийна тIе лахделла селарчий Iар а,
Йахош ас безамах йен ойланаш,
Шовдано кIайн тIулгаш хьерчор а мара…
1982-чу шарахь эскарехь гIуллакх дина ваьлла цIавирзира Юсупов ИбрахIим. Ша хьалха хиллачу, Веданан кIоштан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакце балха хIоьттира иза. Тохара санна похIме байташ йазйеш вара къона поэт. Цуьнан керлачу байташкахь гуш дара ИбрахIиман зевне говзарш гIеметтахIоттаре каде гIулчаш йохуш хилар. Далочу дустаршкахь, васташкахь къоначу поэта говза пайдаоьцучу басаршкахь а тосалуш дара вайн турпалхо хастам хиларо АллахI-Дала ца кхоош похIма делла, доза доцчу похIмин поэт хилар. Йаздинарг чIагIдеш теш хIуьтту Юсупов ИбрахIима 1980-чу шарахь Хоттаничохь йазйина байт.
Меллаша
Iарждели аьхкенан де.
Суьйренан IиндагIаш серлонна теба.
Шелделла диттан гIаш дуьйлалуш хеба,
Сингаттам базбели сан дагна тIе.
Анайист
йагайеш, дIабайча малх,
Дуьне а хетало каш санна, Iаьржа.
Дукъделла IиндагIаш ца хеташ маьрша,
Кертарчу жIаьло а ца олу гIалх.
Цхьа
чIогIа лаамза схьакхетта бутт:
ГIерта-те соьга и шен гIайгIа йийца?
Йа шениг лаьттарчу сайчуьнца хийца,
Шена тIеийзаеш сан ойланийн жутт?
Куьг
лоьцуш седарчийн догIанна кIел,
Iаш ву со, керайукъ дато йеш цуьнца,
Эрна дIа ца бойтуш цуьнан цхьа цинц а,
Iаржалле ца йайта кIайллина кхиэл.
Ас
толам баьккхича боданна тIехь,
Серло а эххар а йогIу йухнехьа:
Маьлхан доь дIадайча лаьмнашна тIехьа,
Сатасар кхоллало анайистехь…
Къона
поэт Юсупов ИбрахIим цхьана поэзин жанрехь къахьегна Iаш вацара. Цунна хийра ца
хиллера прозин жанр а. ХХ-чу бIешеран 80-чу шерийн йуьххьехь «Ленинан некъ»
газетан а, «Колхозан дахар» газетан а агIонаш тIехь кест-кеста зорбане доовлура
хьуьнаречу поэтан сатирин жанрехь йаздина дийцарш. Къаьсттина вайн махкахошна
дукхадезачех дара Юсупов ИбрахIима йаздеш хилла Iаламат самукъане «НеI-Солтин
дийцарш».
ПохIмечу поэтах Юсупов ИбрахIимах
долу къамел дуьззина хир дацара цо иштта
боккхачу кхиамца гочдаршкахь къахьегар ца хьахийча. Цо нохчийн матте
йаьхна Есенин Сергейн, Кугультинов Давидан, Кулиев Кайсынан, иштта кхечу
башхачу поэтийн говзарш. Къаьсттина шена тIе йешархойн тидам ийзош йу Юсупов ИбрахIима нохчийн матте йаьккхина
сийлахь-воккхачу оьрсийн поэтан Лермонтов Михаилан «Парус» цIе йолу байт. ИбрахIима
«Гата» аьлла цIе тиллина ша гочйинчу Лермонтовн байтана.
КIайн
гата кеманан хIордан
Сийначу дахкарлахь го.
Ша толлуш геналла чорда,
Даймахкахь хIун тесна цо?
ТулгIешлахь
буьрса мох Iоьху,
Чардакхо цIийзар до шен.
ХIан-хIа, цо шен ирс ца лоьху,
Лууш дац и ирсах иэн.
И
хьоьстуш, сийна хIуо Iена,
Малх хьоьжу зIаьнаршца тIе.
Цо-м хиндарц тIедоьху шена,
Хиндорцехь бу моьттуш тем!
КIеззиг йац советийн поэташа оьрсийн матте йаьхна Юсупов ИбрахIиман байташ а. Иза къеггина тоьшалла ду къоначу поэта йазйина массо байт а шатайпачу башхаллица къаьсташ хиларна. Шайн башхачу хотIаца, ойланийн кIоргаллица, дуьне довзаран шораллица дешархойн ойла хаддаза тIеийзош, аьхначу мукъамца лерса хьоьстуш, дог-ойла айаме йоккхуш, хьанна а синкхача латтон гуьнахь долуш йу уьш. Цундела шайн шатайпаллех цецбохуш дешархой тIеийзабо цара, синакIоме йоьрзий, тIейогIучу массо а ханна иэсехь йуьсу уьш. Нохчийн къоман даима кIеж туьйсуш кхехкачу амалан карзахалла, безаман заза хеца хьаьгначу шовкъийн беркате серло йу поэтан байташкахь. Бераллехь дуьйна ша схьаваьллачу халкъе а, махке а болчу безамах вогуш вара поэт. Дуьненан муьлххачу маьIIехь Юсупов ИбрахIим хиларх цуьнан берриге а синахаамаш Нохчийчоьнах хьерчаш бара. Вайн мехкан башхачу Iаламах дош ала кIордош а вацара иза. Адам дукхадезаш, багара йолу Iаь мерза йолуш, массаьрца цхьабосса ийна, тIекаре, шен сица, дегIаца хьагI-гамонах зирх боцуш, дог-ойла цIена йолуш жима стаг вара. Цундела массарна дукхавезара. Нохчийн Республикин халкъан йаздархочо Ахмадов Мусас йаздо вайн турпалхочух лаьцна: «ИбрахIим ша а вара, шен поэзи санна, кхехкаш, дахарх Iаба ца туьгуш, и доггах дезаш стаг. Иза сиха вара – шена лаьтта тIехь йаккха йиснарг кIезиг хан йуй хууш санна – доттагIий, Iаламан, безаман, кхоллараллин марзонаш йовза. Цунна везаш а, цо гочвеш а вара оьрсийн поэт Есенин Сергей». Цхьана а кепара шеко йац Юсупов ИбрахIим Iаламат похIме поэт хилла хиларан. 1982-чу шарахь Москварчу М.Горькийн цIарахчу Литературни институте деша ваха йолчу Iалашонца кхоллараллин конкурсах чекхваьлла хилла иза. Амма…дависа оцу дегаIийжамечу «Амма» бохучу дешан. 1982-чу шеран мангалан беттан 27-чу дийнахь цIеххьана хиллачу бохамо къинхетамза катоьхна вайна йукъара ваьккхина Юсупов ИбрахIим. И тайпа похIме кIант хеназа лахьтин кийра верзар ЮсуповгIеран доьзална эшам хилла буьсуш бац. Иза нохчийн къоман литературина боккха эшам бу.
Юсупов ИбрахIим дIаваьлчул тIаьхьа зорбане йийлина поэтан цхьайолу говзарш. Къоначу поэтийн гуларшкахь а, журналийн агIонаштIехь гучуйуйлура уьш. 1985-чу шарахь зорбане арайаьллачу «Даймехкан мукъамаш» гуларехь йара вайна йукъара дIаваханчу поэтан сирла байташ. Иштта, цуьнан байташ йеша аьтто хилира нохчийн поэзи йезархойн «Нана-Нохчийчоь» цIе йолчу гуларехь а. Юсупов ИбрахIиман кхолларалла йезачеран лаам кхочушбеш Нохчийн Республикин Йаздархойн союзо 2024-чу шеран чаккхенехь зорбане йаьккхина «Iуьйренан олхазар» цIе йолу байтийн гулар. Юсупов ИбрахIиман байташ, эпиграммаш, гочдарш ду «Iуьйренан олхазар» цIе йолчу гуларо йукъалаьцнарш. Йешархоша ца Iебаш йоьшуш йу къоначу поэтан говзарш. Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан кхиам хилла йуьсур йолуш йац «Iуьйренан олхазар». Нохчийн къоман литературехь мах боцу беркат хилла дIахIуутур йолуш йу и гулар. Вайна йукъара дIаваханчу къоначу поэтан къеггинчу похIмано а, ломарчу шовданах Iанаоьхучу нохчийн меттан бос керчачу хазалло а, йешархойн дегнаш синкхачанах Iабор долуш зевне байташ йу «Iуьйренан олхазар» гуларехь. Буьйса хазйинчу седано санна, вайн иэсехь серладоху цара похIмечу поэтан, нохчийн къоман йахь йолчу кIентан Юсупов ИбрахIиман оьзда амат. «Iуьйренан олхазаран» гуларера зевне мукъамаш бахаьнехь, генарчу седанах тарвелла, тIейогIучу массо ханна вайн дегнашкахь ваха вуьсур ву Юсупов ИбрахIим.
Седарчийн
буьйсано биллинчу бIаьрго
Тийналлин IиндагIна ца бетта пе.
Сайн дагалецамехь ас лоьху мIаьрго
Дуьххьара йалийнарг хьо сайна тIе.
Мархаш
а кIад ца ло беттаса къийса,
ХIавао шайна тIехь бийгIарх а бохь,
Хьан вастан бIарлагIа тховса а хьийза
Мохтиле ца карош сан бIаьргашчохь.
Лекха
буц къорзачу зезагех хьерча,
Баьццарчу йуьхь тIера дIахьоькхуш тхиш.
Бохь-генаш уьйтIарчу хьаьрсачу хьечан
Лоькхуш Iа сан дагна хьох лаьцна йиш.
Iаламан
аьзнаша буьйсанан карахь
Хьо дагатийсарна кула ца йо.
Сан чIогIа садукъло гIайгIанан марахь,
Ойланийн куьг кхочехь ца хилча хьо.
Баттана
йуххера седарчийн хорха
Маццалца хир йу-те сан бIаьргийн стом?
Эхарта воьдуш сайн оьмаран йоргIа,
Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м…
ГАЗИЕВА
Аза