
Оцу мехалчу хиламехь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчас, НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада а, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министран заместитела Кадыров Мусас а, Росгвардин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин хьаькаман заместитела Дакаев Ӏусмана а, кхечара а.
Шен къамелехь Дудаев Ахьмада билгалдаьккхира хӀокху 8 шарахь «Турпалхой» боламан декъашхоша дуккха а болх бина хилар.
«Турпалхой» боламан векалш бакъболу патриоташ бу. 8 шарахь цара тайп-тайпанчу интернет агӀонашкахь тӀеман декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонаш ларйаран органийн белхахойх лаьцна 10 эзар сов публикаци йина. Цул сов, оцу белхахойн цӀа а оьхуш, болх бина цара. Иза бакъалла а боккха болх бу», — аьлла министра.
«Турпалхой» боламан куьйгалхочо Абдулвагапов Джабраила баркалла элира, шайна балха тӀехь гӀо деш болчарна.
«ХӀара цхьаьнакхетар тхуна чӀогӀа мехала ду. ТӀаьххьарчу шерашкахь тхан боламо дуккха а тайп-тайпана гӀуллакхаш дина. Оха даггара баркалла боху тхуна гуттар а гӀо деш болчарна», — аьлла цо.
Цхьаьнакхетар дӀахьош «Турпалхой» боламан декъашхошна тайп-тайпана совгӀаташ дира.