
Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчас, НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада Ненан меттан дуьненайукъарчу денца декъалвина Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, Нохчийчоьнан берриге бахархой а.
«Нохчийн Республикехь къаьсттина терго йо ненан мотт Ӏалашбарна а, кхиорна а, баржорна а. Оцу белхан гурашкахь нохчийн литературина а, поэзина а гӀодаран Ӏалашонца кхочушйеш программаш а, дӀахьош къовсамаш а, фестивалаш а, арайохуш нохчийн авторийн дуккха а книгаш а йу», — аьлла Дудаев Ахьмада.
Шуьйрачу хаамийн гӀирсаша беш болу болх а бовзийтина министра.
«НР-н МинНацИнформо а, цунна чуйогӀучу шуьйрачу хаамийн гӀирсаша а жигара къохьоьгу цу декъехь. Теле а, радио а эфирашкахь нохчийн маттахь передачаш хуьлу. Иштта, арайовлуш йу зорбанан изданеш а. Карарчу хенахь республикехь арадолуш нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь литературин-исбаьхьаллин 4 журнал а, республикин 4 а, кӀоштийн 13 а газет а ду. Царна йукъахь ду нохчийн маттахь арадолуш дуьненахь а цхьаъ бен доцу «Даймохк» газет. Иштта, «Орга» а, «СтелаӀад» а журналаш а ду нохчийн маттахь», — аьлла цо.