Иранан ядерни программин хьокъехь болчу бартана куьйгаш яздина Иранан а, «ялханнан» а кхечу мехкийн гIуллакхашкахула болчу министраша.
***
Израилан премьер-министра Б.Нитаньяхус исторически доккха гIалат ду аьлла дIахьедина Иранан ядерни программин хьокъехь стомара Венехь бина барт.
***
Желтойчоьнан парламентан декъашхоша селхана, кхаж тесна, къобалйина махкахь реформаш яран хьокъехь йолу программа.
***
Шеман къилба-малхбалехь йолчу «иблисан пачхьалкхан» гIеранашна юха керла тохар дина Iедалан тIеман кеманаша. Иттаннаш зуламхой хIаллакбина.
***
Йеменан бахархошна кхачанан сурсаташ хьош дахана Россин МЧС-н ши кема. ХIокху мархийн баттахь цунах доккха гIо хир ду цIийнах бевлла лелачарна.
***
Закарпатьехь (Украина) хIинца а дIадоьдуш ду «Правый секторан» бIаьхой полицина дуьхьал латтар. Оцу хьолехь мехкан Президента П.Порошенкос куьг яздина законехь йоцчу тобанашкара герзаш схьадахаран хьокъехь долчу указна.
***
Украинин Iедалан эскарша даккхий герзаш диттина Донецкина а, Горловкина а. И бахьанехь маьршачу шина стагана чевнаш хилла.
***
Россин Президента куьг яздина кхаа шарахь жимчу бизнесан предприятешна талламаш бар доьхкуш долчу Указна.
***
В.Путина дакъа а лецира, кегийрхойн дуккха а хаттаршна жоьпаш а делира кегийрхойн «Территория смыслов на Клязьме» дешаран форумехь.
***
Россин Премьер-министра Д.Медведевс декъалбира мехкан вовшахтоьхначу командин декъашхой ХХVIII-чу Универсиадехь кхиамаш бахарна. Командашна юкъахь дIабаьхьначу къийсамехь цара шолгIа меттиг яьккхина.
***
Хабаровски крайхь доьхна, стиглара чудеана ТУ-95 МС бомбардировщик. Цу тIехь хиллачу ворхI летчиках шиъ велла.
№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо